ГIиллакхо дагна хьаам бира

Дукха хан йоццуш дара иза. Суьйранна,  маьрк1ажа  хенахь №4 йолчу маршрутни автобусна хьалха лаьтташ дуккха а адам дара. Цигахь лаьтташ йолу автобус тIех юьзна хиларна, кхин схьаяллалц хьоьжуш лаьтташ дара тхо.

Гена йоццуш схьайогIучу йоккхачу стагана тIе бIаьрг хIоьттира тхан. ДегIана жима а, къена а хиларна техкачу боларца йогIуш яра иза. Цуьнан куьг лаьцна, иза схьаялош ткъех шо хир долуш йоI яра. Ша автобусна улле кхаьчча, шен тIоьрмиг чуьра телефон схьа а эцна, цу тIе хьоьжуш лаьттара иза. ТIаккха, меллаша, йоккхачу стагана автобуса т1е хьалайолуш гIо дира цо. Автобус юьзна яра. Охьахаа меттигаш  яцара, дIахIиттина лаьтташ берш а дукха бара. Автобус чохь болчара а гIо дира йоIана йоккха стаг хьалайоккхуш. Цу чохь охьахаа меттиг а елира цунна.

ЙоI ша автобус чу ца елира. Сихъелла цхьаьнга телефон тухуш йоллура иза. «Бехк ма биллалаш, «Старый поселке» кхочуш цхьа а вуй шух?», –  хаьттира йоIа. «Со ю цига йоьдуш…», жоп делира цхьана зудчо. «Хьо охьаюссуш хIокхуьнга (йоккха стаг а гойтуш) эр дарий ахь?», – хаьттира цо. «Дера эр ду-кх, Дала мукъ лахь», – жоп делира оцу зудчо.

ДIахьаьжча, и йоккха стаг оцу йоьIан гергара а, я цунна евзаш а ца хиллера. «Беркатехь» тилаелла хиллера иза (цхьанхьа хьошалгIа яха яьлла йолу иза), ша муьлхачу маршрутки т1е хаа еза ца хууш. И хиъначу оцу йоIа гIо дира цунна. Ша дIайоьдуш: «ХIара ахча йоккхачу стагах ду хьуна», – аьлла ахча дIа а кховдийна, цуьнан Iодика а йина, дIаяхара иза. Цо хIоттийначу хазачу гIиллакхо дагна хьаам бира…

З.САНОВА

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: