Сулейманов Бауди

Халкъан илланча Сулейманов Бауди вина 1902-чу шарахь Девкар-Эвлахь. Атта ца нисбелла илланчин дахаран а, кхоллараллин а некъ. Шен ворхI шо а кхачале ненан марзонах хеда иза. Цул тIаьхьа дукха хан ялале морзгалийн цамгар бахьанехь бIаьрзе вуьсу Бауди. 1922-чу шарахь да а кхелха. Делахь а, оцу халонаша амал чIагIйо, леткъамаш боцуш, дахарх чекхвала ницкъ а ло.

Дечиг-пондар лакха а, иллеш ала а Iемира шен ден доттагIашкара. 1928-чу шарахь дуьйна Нохчийн радиокомитетан а, цул тIаьхьа эшарийн, хелхарийн ансамблан а солист хуьлу цунах. Халкъо дезаш тIеоьцу Баудис дIаолуш хилла Таймин Бийболатах, Адин Сурхох, Эвтархойн Ахьмадах, иштта кхидолу нохчийн турпалаллин иллеш. Цо ша дешнаш даьхна иллеш а дара Б.Сулеймановн репертуарехь: «Дог майра Асламбек», «Къонахех къонаха» (Ханпашех лаьцна илли), «КIентан безам», «Дозанхо», «Бабин хаза йоI», дуккха а кхин а. ЛадогIархошна къаьсттина дукхадезаш дара «Дог майрачу Юнусан илли».

Нуьцкъах махках даьккхинчу халкъан шен Даймахкаца йолчу зIенан шатайпа тIай хилла лаьттира Баудин кхолларалла 1944–1957-чуй шерашкахь. 1957-чу шарахь Даймахка цIа вирзичхьана, 1961-чу шарахь ша кхалххалц, мало йоцуш, къахьоьгу цо Нохч-ГIалгIайн филармонехь. Нохчийн халкъан барта кхолларалла а, къоман музыкальни фольклор а ларъярна а, яржорна а юкъайиллина йоккха хазна  ю Сулейманов Баудин кхолларалла. Тахана шун кхиэле дуьллу оха цуьнан цхьа-ши илли.

Къонахех къонаха

(Ханпашех лаьцна илли)

 

Аренан эрзалахь кIезийн бен боьхча,

Татолийн гечошкахь барзо кадетта.

Ламанан хотешкахь кIорнина тоьхча,

Дарлой, и лам бекош, лоьмо мохь бетта.

 

Стигланаш йоьлхур ю, латтанаш лелхар ду –

Халкъан кIант херлур вац гергарчу халкъах.

ТIома а валийта, лаьттах а волийта –

МостагI вай вуьтур вац хьомечу вайн махка.

 

Мерза ду халкъана, маршонна летта,

Шен цIий а Iанийна, шен латта хьандар.

Сийлахь ду, халкъана тешаме хилла,

Цуьнан дуьхьа воьрзу каш цкъа а цакъандар.

Сийлаллин майралла, къонахийн дегнаш

Заманан хьелаша билгалдо, къестош.

Лаьмнашха лаьтта уьш, даима къегаш,

Кхоьллинчу цу халкъо даима шаьш хестош.

 

Къомана сийлахь ду къонаха къастар,

Дикчу ден дог доьлу, дика кIант кхиъча.

Тайпанна томмагI ду кIанта юкъ ястар,

Южур ю стеган цIе, атта некъ лиъча.

 

Хьенан каш хир дара къонахчун лулахь,

Яхь йоцчу гIалица гIаланаш хуьлучул.

Хьенан тур хин дара мостагIчун цIийлахь,

Кхелинчу доьхкарах кур текхош хуьлучул!

 

Замано литтинчу халкъан кIенташца

Турпала Ханпашин сирла цIе ели.

Даймехкан къаьмнаша Ханпаша хестош,

Довхачу даг тIера иллин аз дели.

 

Да-нана доккхаден, сий долуш хилла,

ДоттагIий резабан, яхь йолуш хилла,

Шен езар елаян, дог майра хилла,

Майрачех цхьаъ хили и жима Ханпаша.

 

И вара къонахех къонаха хилларг,

И вара сийлаллин сий довза ваьхнарг.

И вара оьзда дайн некъах цатилларг,

Ламанан турпалхойн цIерш дукха яьхнарг.

 

И вара буьрса тIом ловзарах тарлуш,

Iожалло куьг кховдош, озалур воцург.

И вара, латтанаш лелхарх, ца къарлуш,

Керчинчу кхерамехь кхералун воцург.

 

«Дог майрачу» Юнусан илли

 

Ва мачийн бахтарша некъан йист ва лоргуш,

Цу хечин когаша новкъа нуй ва хьоькхуш,

Мангалан гIоланах шен туьта оьллина,

Мангал хьакха вахар-кха «дог майра» ва Юнус.

Делккъалца мел хьаькхнарг шен юкъах йихкина,

Делкъал тIаьхьа мел хьаькхнарг мачаш чу йоьллина,

Воьлхуш, цIехьа веар-кха «дог-майра» ва Юнус.

Харцахьай, бакъахьай ши чIама ша боьжна,

Селхана туьйсина жамбалат ворданах доьллина,

Ворданан милко «къарс» аьлчахь, «я АллахI!» бохуш,

Старо «кхахь» ва аьлча, – «бехийла хьо!» бохуш.

IандагIийн аннаш тIе ша аркъал ва ваьлла,

Дечге ваха велир, тов, «дог майра» Юнус.

Цу хьуьн чу гIорта барзаха ца ваьхьна,

Варшашкахь ша сецна, сема ла ва доьгIна,

Говран пIендарш санна  долу и даккхий гараш,

Сихонца лахьийна, вордан тIе доьттина,

Мокхазар берд санна, и ворда къевлина,

Вордан тIе хиъча – охьакхетарна кхоьруш,

Юххе хIоьттича – тIехарцарна кхоьруш,

ТIехьа хIоьттича – барзо вахьарна кхоьруш,

Стеран юьхь лаьцча – маIа Iоттарна кхоьруш,

Хьакхин херсин санна болу, и къорза бIаьргаш,

Вордан чкъургаш санна, ша цIехьа керчабеш,

Веана цIа кхечир, тов, «дог майра» Юнус.

Цхьа чIама дIахецна, важа дIахецаза,

Вахна чуиккхира, бах, «дог майра» ва Юнус.

Цхьа тас овкъарш юккъера дийна сискал,

Шен ка ма-йоллу, кхера схьаозийра цо,

Еттшурин бога хьалха озийра цо,

Чами кера эцна, велха хиира иза

– ХIунда воьлху хьо? – аьлла шега хаьттича,

– Iайг жима карийна воьлху ша, – ва бохуш.

Лулахошкара леррина дехна деана,

Цхьа къохка и чоьлпа шен буйна доьллина,

Цхьа бога еттшура сов сиха йиъна,

И ваьлла вахар-кха цу хохийн ва хеса.

Цхьа хас ах хас хохаш сов чехка ша биъна,

Ваьлла вахара, тов, цу наьрсийн ва беша,

Цуьнан бIаьрг ма кхийтир цхьана торгIал оьпанах!

Мохь-цIогIа элира цо хIусаман нене:

Вайн наьрсаш юкъахь торгIал оьпа шена карий,

Чехка далахь селхана туьйсина жамбалат.

– Настарх лардай, оьпанна тохалахь, – аьлла,

ДIаделир цо чIогIа ирдина жамбалат.

Оьпанах лардина, настарх ва тоьхна,

Ша вала вуьйжир-кха «дог майра» и Юнус.

Ломахь лоьман ва санна, цIе йолу Юнус,

Гила берзан санна, ка долу ва Юнус,

Ирзешкахь лелаш кхиъна сира сай санна,

Оьзда кхиъна там болу, «дог майра» Юнус,

Хьан самукъадаккха нийсарчу мехкарша,

Хьо кхача ма ве ирс дайначу цу метте,

Хьо хIотта ма ве-кха аьтто боцучу тIаме,

Барзал майра дог хьайн кийрахь сецадеш, –

Къахета шена хьох, чал дера ва Юнус,

Ва барзал майра ву, чал дера ву хьо,

Цхьогалал мекар ву, цу лоьмал чехка ву

Яхь йолу ва кIанат, «дог майра»  Юнус!

Цу хIордо ловзо цIеркема ва санна,

Дуьне ловзориг хьо веца, цхьанделхьа,

Ва хьоьца дика яра ненан хаза йоI.

Сирчу аьттан санна, сий долу ва Юнус,

ЦIечу аьттан санна, цIе йолу Юнус,

Ка хьокхуш йиллинчу шерачу цу цIенкъахь

Ира кIохцал даххал декъаза ва Юнус,

Ва сийна Терк доькъуш,

Хин чами ца кхаччал

Декъаза Юнус,

КIай доцу яй санна, хьо лело хала ву,

Чермойн дума санна, ширвелла воьду хьо,

Когийн чорпа санна, къахьвелла воьду хьо,

Да велла ваариг!

№119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: