Зандакъара хьала хоттана машен ца яхалора, хьешана тIера болчу зандакъоша мел Iе бахарх ца соцуш, гIаш хьалаволавелира тхойшиъ. МаьркIажан бодий, гуьйренан дохккий цхьаьний тIетаьIна, бIаьрга Iоьттина пIелг гур боцуш, Iаржъелира. Кхузара дIа гена яц тхо кхача деза Чеччалхе, делахь а, дезткъара ваьллачу тхайн дена ницкъ хирий те бохург дара дагахь. Боданехь, халла къаьсташ, тIехвелира говрахь дуьхьал вогIу бере. Ишттачохь хила йогIуш йолу тIе-каре йинчул тIаьхьа, тхойшиъ стенга воьду хиъча, воккхачу стага, бехказлонна доцуш, «хIан-хIа» боххушехь, говран урх соьга а кховдийна, кхана эцца эвла йисте дIахецчахьана ша цIа йогIур ю шуна х1ара аьлла, волавелла дIавахара и жима стаг. ТIаьхьо суна цуьнан цIе а хиира, делахь а, оцу юьртарчу муьлххачо а изза гIиллакх лелориг хиларх со тешна хиларна, ас иза цIарца ца вуьйцу.
Иштта ду нохчийн гIиллакх – воккхачун некъан аьтто беш. Тахана а долчуьнгахь и гIиллакх долуш ду, лелош ду. Бакъду, кху заманахь вайн дахар-дахкар коьртачу декъана машенашкахь хуьлу, цундела и гIиллакх лелор а церан дайшна тIедужу.
Тешам боллуш ала мегар ду, дукхах болчу шоферша, шайна хиндолчу соьмана бIаьрмециг ца бовлуш, лело дезачуьнца и гIиллакх леладо аьлла. Шайн ярташкара бевза-безарш маьхза лелорал совнаха, хийлазза гина, нах дIасалелорах болх бина лелачу шоферша а, баккхийчаьргара мах ца оьцуш.
ХIетте а, машенашца болчу нахе (пачхьалкхан а, шайн долахь а башха а дац) баккхийчеран цIарах хIара дехаран дош ала лаьа. Шерийн дукхалло, Iад санна, саттийна букъ нисбина, лайначу халонаша язйинчу голаш тIе хIоьттина, герга гIертачу Iожалло дегIера яйинчу шовкъана собар дина, араваьлла воккха стаг – иза я тезета, я цхьанхьа маслаIате, я цомгашчуьнга бIаьрг тоха воьду шуна. Ца ваьлла бен ца волу воккханиг новкъа. Муха вуьтур ву иза новкъахь, муха оьцур бу зератана араваьллачу цуьнгара мах?
Дера, беза мах белла эцна машен я автобус Iалашъян хала ма ду, некъан хьакъ шоферна хьанал а ма ду. Делахь а, вай мел ду бахарх, вайх нохчий ца хуьлу, лелош нохчийн гIиллакхаш дацахь, ткъа вайнехан уггаре а дезачарах деза гIиллакх воккханиг ларар ду. Тахана аш и лелош гинчу жимачо кхана шуьца изза лелор ду.
Цкъацкъа хеза, баккхийнаш шайн цIахь Iен беза олуш. И хуьлийла дац. Вайн диканан а, вуонан а дай хуьлий дIахIуьтту уьш. Цундела доьху шуьга, ма-хуьллу воккхачун некъан аьтто бар. Ма вита воккха стаг новкъахь: хIун хаьа и дIакхаьчча байлур бу да веллачу кIентан бала, маслаIат хилла дIасакъаьстар бу мостагIий, барт хилла доьрзур ду галдаьлла захало.
Хь.АБОЛХАНОВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо