Россехь исламан банкинг болх бан йолаялийта оьшуш долчу законанпроекта тIехь кхидIа а болх бан сацам бина. Делахь а, ГIезалойчохь а, Башкортостанехь а, Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а хьовсур бу и финансийн кеп муха болх беш ю.Россехь исламан банкинг болх бан йолаялийта оьшуш долу закон карарчу ханна бинчу хийцамашца чекх ца даьлла.
Регуляторна хетарехь, махкахь кризис а йолуш, банкашна йохк-эцар лелор дехка ца оьшу (исламан банкинг кхио оьшуш хIума ду иза), хIунда аьлча кхерам бу кредитан организацеш низамехь йоцу финансийн операцешна юкъаяхарна. ХIетте а, Россин Коьртачу Банко (ЦБ) исламан банкинган цхьацца йолчу субъекташкахь зераш дар къобалдина. Цунах лаьцна дийцира Пачхьалкхан Думин финансийн рынкан комитетан председателан заместитела Савельев Дмитрийс.
– Регуляторна тайна исламан банкинг Россин цхьацца йолчу субъекташкахь яржоран проект. Иза ГIезалойчоь а, Башкортостан а, Къилбаседа Кавказера цхьайолу республикаш а ю (Дагестан, Нохчийчоь, ГIебартойн-Балкхаройчоь). Нагахь санна проект дика чекхъялахь, ЦБ кийча ю законопроект йийцаре ян, – элира Савельевс. – Проект яржоран хенаш цкъачунна къастийна яц. Кху гуьйренан сессехь законопроект йийцаре йийр ю, амма правительствона хетарг ЦБ-ца къастор ду. Исламан банкинган законопроект йийцаре яран жамIашка хьаьжжина я тIеоьцур ю, я дIатоттур ю, кхидIа а тIехь болх байта. ДIататтахь а, хийцамаш а бина, юха а Пачхьалкхан Думе кховдор ю иза.
Исламан банкинг – шариIатан зоконашца доьзна долу финансийн гIуллакх ду: процент а йоккхуш ахча далар дихкина ду. Иштта дихкина ду маларш а, герз а, хьакхин жижиг а даржорехь гIо дар.
Россехь вехаш ву 20 миллион сов бусалба, амма цкъачунна я исламан банкинг а, я леррина долу «исламан кораш» а дац банкийн отделенашкахь. Савельев Дмитрийна хетарехь, исламан банкинган дуьненаюкъара автиваш 1-2 трлн доллар сов ю, ткъа шаьш исламан банкаш 40 сов пачхьалкхехь болх беш ю.
Бинбанкин декхарийн фондан а, структурни финансировани яран а туьшан директоран Сисаури Владимирна хетарехь, исламан банкинг Россехь йина закон ца хиларал сов, оцу керла юкъадалоро экономикина бен болчу пайданца доьзна а ду цхьацца хаттарш.
– Суна хетарехь, цкъачунна Iедало юхьаьнца тIеэцначу проектаца банкийн «исламан кораша» бусулба дин лелочу нахана лур ду ахчанаш: гIезалошна, нохчашна, иштта кхечарна. Таханлерчу макроэкономикин хьелашкахь чIогIа дика хIума а ду иза. Амма дийцаре деш долу и закон шариIатан баххашца догIуш доцург шеца доцуш яздина хила дезаш ду. Россера бусалбанийн а, бусалба динан а хьашташ цу законца муха лардийр ду бохург къасто чIогIа хала ду. Цундела и закон тIеэцар масех шаре дала тарло, – элира Сисаурис.
Россин Банкан председателан заместитела Торшин Александра масех бутт хьалха дийцинера, «Россе исламан банкинг кхачар – вайн мехкан банкийн системина пайдехь хIума хир долуш ду, хIунда аьлча иза динца доьзна долу дера. Ткъа динца доьзна долу хIума вайн махкахь адамо атта тIеоьцуш ду. Иза хьалха дуьйна схьадогIуш ламаст ду», бохуш.
Цо гойту, Россе (къаьсттина бусулба нах бехачу субъекташка) исламан банкинг билггал кхочург хилар, ткъа маца – иза кхин хаттар ду.
И.ИСЛАМОВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо