Юьртан бахам дIаязбарна кечам бо

Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствехь хилира Нохчийн Республикин Правительствон 2016-чу шарахь дIахьур долчу Ерригроссин юьртан бахам дIаязбарна кечам баран а, иза дIадахьаран а комиссин кхеташо. Цуьнан балхахь дакъалецира республикин дийцаре дечу гIуллакхца йогIуш йолчу министерствийн, ведомствийн, территориальни урхаллийн, муниципальни вовшахкхетараллийн куьйгалхоша.

    Кхеташонан дакъалацархоша йийцаре йира юьртан бахам дIаязбарехь бан безачу белхан цхьаьна кечйина план. Иза ведомствоша герггара цхьаьна гIуллакхаш а деш, кхочушъян езаш ю. Оцо таро лур ю Комиссина хьалхахIиттийна декхарш сихха кхочушдан.

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министра Магомадов Iабдуллас билгалдаьккхира Ерригроссин юьртан бахам дIаязбарна кечамбар а, иза дIадахьар а пачхьалкхан маьIна долу мехала гIуллакх хилар.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана коьртачу декхарех цхьаъ лору юьртан бахам кхиор. Юьртан бахам дIаязбаро гIо дийр ду республикин юьртан бахам а, юьртан экономика а, социальни дакъа а кхиорна. ТIейогIучу хенахь иза хаалур ду республика социально-экономически кхиоран гайтамашна тIехь, – билгалдаьккхира I.Магомадовс.

Юьртан бахам дIаязбарна кечам баран хьокъехь доклад йира Пачхьалкхан статистикин Федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу территориальни органан куьйгалхочо Дигаев Рамзана. Цо дийцарехь, кхиамца дIаболийна 2016-чу шарахь юьртан бахам дIаязбарна кечам баран болх. Республикин ерриге а ярташа а, гIаланийн округийн мэреша а бинчу хаамийн буха тIехь вовшахтуьйхира нехан доларчу гIоьналлин бахамийн спискаш, хьаьвсира царний а, 2006-чу шарахь юьртан бахам дIаязбаран хаамашний юккъерчу башхалле, церан анализ йира.

Цкъачунна болчу хаамашца, республикин бахархойн долара гIоьналлин бахам 273,8 эзар хилира, 2006-чу шарахь церан барам 250,8 эзарне кхочуш бара, – билгалдаьккхира Р.Дигаевс. Юьртан бахам дIаязбарна кечам барехь Чеченстатан белхахошна цхьадолу кхачамбацарш а карийра. Ша аьлча, билгалделира бахамийн хьесап даран книгаш лелорехь бакъенаш талхош хилар. Иштта кхачамбацарш гучудевлира фермерийн бахамаш а, шаьш болх беш болу предпринимательш а, бошмашлелоран, дачийн цхьаьнакхетараллаш а дIаязъярехь а.

Кхеташонан дакъалацархоша билгалдаьккхира 2016-чу шарахь Нохчийн Республикехь Ерригроссин юьртан бахам дIаязбар кхиамца дIадахьархьама, билгалдевлла кхачамбацарш дIадахарехьа сихха гIуллакхаш дийриг хилар.

Кхеташонан жамI деш, Магомадов Iабдуллас зала чохь болчарна баркалла элира юьртан бахам дIаязбарна кечам барехь дика болх барна, царна тIедиллира хьалхахIиттийна долу декхарш кхочушдарехь жоьпалла долуш хилар, ведомствоша цхьаьна гIуллакхаш дар.

М.САЛАУДИНОВ

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: