Некъан бохамаш лахбарна лерина гIуллакхаш

    Хууш ма-хиллара,  цкъацкъа некъан бохам бахьанехь адамаш кхалхар нисло. Халахеташ делахь а, массара (водительша)  лар а ца йо некъан бакъенаш. Водительш некъан бакъенаш ларъяре кхойкхуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан, юкъараллин организацешца йолчу зIенийн Департамента а, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшо а, ГИБДД-н белхахоша а, Ленински районан Префектуро а Кегийрхойн Парламентаца цхьаьна «Водителе кехат язде» акци дIаяьхьира хIокху деношкахь.MG_0008

   Некъаца уггаре а лардан дезаш дерш бераш ду, хIунда аьлча, хадон йиш йоцчохь цара некъ хадон  тарло. ГИБДД-н инспекторша машенаш совца а еш, водителашца профилактика яран Iалашонца къамелаш дира. Инспекторша дийцира цаьрга, некъан боламан бакъенаш лар ца йича хуьлучу тIаьхьалонех. Ткъа Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь Iемаш долчу бераша водительшна некъан бакъенаш  ларъяре кхойкхуш кехаташ а, брошюраш а йийкъира.

Оцу туьшан директоран заместитела Амерханова ПетIамата билгалдаьккхира, и гIуллакх дIадахьар мехала  хилар.

«ХIара санна долу гIуллакх бахьана долуш, хIора а водительна дагадан деза, ша машенахь чехка вахча, ша бахьана долуш цхьа бохам хила тарлуш хилар. Цундела, ша мел сиха велахь а, меллаша ваха хьажа веза иза. Иштта хилча бен, некъашкахь хуьлуш  болу бохамаш лахлур бац. Кегий бераш новкъахь гича, къаьсттина  ларбала беза водительш», – элира цо.

З.ХАСИЕВА

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: