Йийцаре йира мехала проекташ

Нохчийн Республикин Парламентан бюджетехула, банкехула, налогашкахула йолчу комитетан рогIера  кхеташо хилира. Иза дIахьош вара оцу комитетан председатель Бердукаев Сайпи. Цигахь дакъалецира комитетан декъашхочо Дадаев Лоьмас, Нохчийчоьнан финансийн министран заместитела Аддаев Абубакара, Россин федеральни налогови службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочун заместитела Гучигов Шамсудис, Парламентан Аппаратан правови урхаллин хьаькама Сайдуев Юсупа, депутаташа.

 

Кхеташонехь йийцаре ян юкъаехкинера деа законан проекташ. «Нохчийн Республикехь бюджет тIеэцаран, бюджетан процессан, бюджеташна юкъарчу юкъаметтигийн хьокъехь» долчу 2008-чу шеран 14-чу июлехьлерчу №39-Р3 йолчу Нохчийн Республикин законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу законан проект йовзуьйтуш къамел дира С.Бердукаевс.

– Законан проект кечйина иза Россин Федерацин бюджетни законодательствоца йогIуш хилийтаран Iалашонца. Оцу лаамца болх бечу хенахь хьесапе эцна Россин Бюджетан кодексехь бина хийцамаш, Нохчийн Республикехь  пачхьалкхан программаш кхочушъярца доьзна юкъаялийна нормаш, меттигашкахь шаьш урхалла даран Iедалан органаша пачхьалкхан а, муниципальни а финансови терго латторехь юкъабалийна хийцамаш, кхидерг, – бохура комитетан куьйгалхочо.

Комитетан декъашхойн сацам хилира и проект Парламентан кхеташонехь йийцаре яйта. КхоалгIа ешарехь иза тIеэцар деха.

Кхузахь иштта йийцаре йира «Нохчийн Республикехь налогаш тохарехь патентийн системин хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин закона тIехь  хийцамаш баран хьокъехь» долчу законан проект. Депутаташна  иза йовзийтира А.Аддаевс. Комитетан декъашхоша сацам  бира Парламентан  кхеташонехь и проект  цкъа ешначул тIаьхьа  тIеэца  аьлла  дехар дан.

Иштта кхеташонехь йийцаре йира «Нохчийн Республикехь  транспортан налоган хьокъехь» долчу  Нохчийн Республикин законехь 9-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь» долчу законан а,  «Нохчийн Республикехь  налогаш тохарехь аттачу яьхна налогаштохаран а, патентийн а системаш юкъаялоран,  индивидуальни предпринимательшна – налогашялархошна 0 процентан барамехь налогаш  хIитторан хьокъехь» долчу законан а  проекташ. Уьш а Парламентан кхеташонехь  йийцаре яйта сацам хилира депутатийн.

Д.ПАШАЕВ  

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: