Турпалхо кхиийна нана

6655656Дукха баланаш лайна нохчийн къомо шен кхолламехь. Хийлла къизалла, ямартло, харцо, мацалла, къоьлла лан дезна. Амма дуьненан муьлхха бала тIенисбаларх, гора ца хIоьттина, яхь дIа ца елла. Лаккхара сий долуш нах хилла нохчий азаллехь дуьйна. ТIенисъеллачу халонех, вайн дай а санна, доьналлица, майраллица, сийца чекхбийлина вайн нохчийн наной а. Дала тIенисдинчу зиэрех хьакъ ма-дду чекхбуьйлуш, схьабаьхкина уьш.

«Нохчийн нана» олуш хезча, бIаьргашна хьалха хIутту турпалчу зудчун васт. Дахарехь хийлла баланаш лайна гIайгIане бIаьргаш, Дала ша схьа ма-кхоллара цIена, оьзда юьхь-сибат, доккха тиллина йовлакх, дахарехь къахьегна куьйгаш а…

Дуккха а бевлла нохчашлахь турпала зударий. Дадин Айбика, Гиххойн Таймасха, кхиберш а. Иштта, турпалхой кхиийна сийдолу наной а  хIинца а бац кIезиг. «Турпалхо кхиийна нана» аьлла шех лаьцна ала уггаре хьакъболчарех ю Кааева Шаймани а ю. 1992-чу шеран 21-чу октябрехь Анисимовн цIарахчу мехкадаьтта кечдаран Соьлжа-ГIалин заводан №2 йолчу нефтепаркехь цIе яьллачу хенахь, эзарнаш адамаш даларх  кIелхьарадаха шен дахар ца кхоийначу кIентан нана ю иза.

Кааев Хьасанан 21 шо бен дацара хIетахь. ХIаваэхула болчу кхерамна дуьхьало яран эскаршкахь гIуллакх дина, шен махкана а, къомана а пайдехь хила болчу лаамах вуьззина, ша винчу гIала иза цIа веана дукха хан яцара. ЦIеяйъархочун болх хаьржира Хьасана… Цигахь хилира цуьнан гIазот а. Цу дийнахь дIахьедар а яздина, балхара дIа волуш вара Хьасан (кхечу балха хIуттуш). Цу буьйсанна цуьнан тIаьххьара «дежурство» яра. Амма цунна доьгIна ца хиллера кхечу балха хIотта. Цунна доьгIнарг – турпала кхалхар хиллера. Iуьйранна 4 сахьт даьлча яьлла ц1е яйъа орцана хьажийнера Хьасан а, цуьнан накъостий а. Йогучу цIаро дIалаьцнера мехкадаьттан сурсаташ чохь долу 45 яй. ХIора яй 200 кубан метран барамехь бара.  Царех цхьадолчарна чохь бензин дара, вукхарна чохь – качйина газ. Ши яй цхьаьна иккхира. Цхьа гериг а пропан чохь йолчу яй чу кхеттехьара Iалхан-ГIала, Соьлжа-ГIалин Заводски район латтаца дIашарйина хир яра. Анисимовн цIарах йолу ерриге завод дIалоцур яра цIаро. Ткъа заводан кертахь бIе эзарнаш тоннаш мехкадаьттан сурсаташ а, качйина газ а яра. КхидIа Кировн цIарахчу  поселкехь  бензин чохь долчу «резервуарашна» тIедехьа  яла   кхерам  бара цIе. Жимма дIанехьа Новогрозненски «ТЭЦ-2»-н даккхий Iаьнаран яйнаш, цу йистехь химин завод а, йоккха нефтебаза а, масийтта нефтепарк а яра.  Герга хиллачу бохаман сурт хIотто а хала дара. Йогучу цIеран Цельсийца эзар градус йовхо яра. ЦIе йойъу ерриге гарнизон яра гIаттийна, амма адамашка дуьхьало ца ялора цIеран къематна. Цу цIарах боккха бохам ца хилийта, пропан чохь йолчу яйшна тIе боьдучу новкъахь дIакъовла безаш гIуй(задвижка) бара. Цхьаммо дан дезара иза. Кхерамечу гIуллакхна хьалхавелира массарел жима волу Кааев Хьасан. Иштта а, цIе йойъуш, вагийна вара иза. ХIетте а, кхерам байна, йогучу цIе юккъе вахара Хьасан. Цо сацийра герга хилла боккха бохам, кIелхьарадехира эзарнаш адамаш. Амма беза мах белира шен хьуьнарх – шен дахар… Доца, амма турпала дахар… Дахаран уггаре хазачу хенахь дIавахара иза дуьнен чуьра. Кхиберш бахийтархьама, шен дегI, са ца кхоийра цо.

Иштта турпала к1ант кхиийна хилла Кааева Шайманис. Жима велахь а, майраллех, доьналлех вуьззина хилла Хьасан. Цу тайпа доьзалхо кхиор – доккха хьуьнар ду. Шаймани ша йина Соьлжа-ГIалахь 1939-чу шеран 1-чу июнехь. Казахстанехь Джамбул шахьарахь №58 йолу школа чекхъяьккхина цо. 1959-чу шарахь КааевгIеран доьзале еана иза. Ши кIант а, кхо йоI а хилла Шайманин. Тахана ши йоI бен ца йисина цуьнан доьзалхойх. Бакъду, берийн 4 бер а, берийн берийн 4 бер а ду цуьнан. Жимахйолу йоI Кааева Лайлаъ Нохчийн Республикин МЧС-хь тIехьожург ю (надзорник). 10 шо хан ю цо цигахь болх бо. 1990-чу шарахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан институтан «Ягорган-энергетикин комплексан дакъошкахь урхалладар а, экономика а» факультет а, 2006-чу шарахь Экономикин а, бакъонан а Москван академин «Юриспруденци» факультет  а чекхъяьккхина Лайлаа. Йоккхахйолчу йоIа Асета медучилище чекхъяьккхина, иза Нальчикехь фармацевтан болх  беш ю. Цхьа йоI гуттар жима йолуш елла Шайманин. 2000-чу шарахь воккхахволу к1ант а велира.

20 шарахь Соьлжа-ГIалин коьртачу базарахь («Зеленый рынок» олура цунах хIетахь) кладовщикан болх бина Шайманис. Хийла хало, бала лайна цо дахарехь. Кхин цхьа а хIума цунна ца гича а, кхин хIумма ца лайча а, тоьар дар-кх, уггаре хазачу хенахь, оццул турпала дог долчу шен кIантах ялар… «ЧIогIа тIахъаьлла а, забаре а вара Хьасан. Иза Москван областехь эскарехь гIуллакхш деш волчу хенахь, со цига дIакхайкхира. КIентий дика кхиорна цхьацца совгIаташ деш, тIекхойкхуш бара цу чохь болу цхьаболу наной. «Со ма ца кхойкху, ва Хьасан», – ас шега аьлча, «IадIехьа, мама. Хьо иштта кхойкхур яц», – элира цо соьга. Кхино «КIант дика кхиорна совгIат до Кааев Хьасанан нанна» аьлла хезира. Сийлаллин грамота, баркаллин кехат, зезагийн йоккха курс а елира суна…», – дагалоьцу Шайманис.

Нохчийн Республикин Правительствос а, Парламенто а кIант дика кхиорна елла мидалш, Сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ а ду Кааев Хьасанан ден Шарпуддин а, ненан Шайманин а. Хьасан санна волу кIант кхиийна нана, шеко йоцуш, лакхарчу даржехь ю Далла а, нахана а хьалха. Дала Хьасан санна майра кIентий а, Шаймани санна сийдолу наной а ма эшабойла вайн махкана а, халкъана а!

Билгалдаккха лаьа, Старопромысловски районан №54 йолу школа Кааев Хьасанан цIе лелош ю (иза чекхъяьккхинера кIанта). Иштта, Кааевг1еран ц1а долу хьалха Ялтински олуш хилла урам а бу Хьасанан ц1е лелош. Ткъа Хьасан чохь 1ийначу ц1енна т1е тоьхна у ду «Халкъана, махкана кхерам беана, ГПНЗ-хь яьлла ц1е йойъуш, велла Кааев Шарпуддин к1ант Хьасан. Дуьненах 1абаза, да-нана кхабаза, махкана саг1ина шен дег1 дагийна, Хьайна дуьхьал веана тхан Хьасан декъалвелахь, йа Аллах1», аьлла т1ехь йоза а  долуш…

А.МУСАЕВА

Авторан суьрта т1ехь Кааевг1ар: Лайлаъ, Шаймани

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: