Алироев ИбрахІим

imagesХІокху деношкахь боккха  иэшам  хилла  нохчийн 1илманан – еххачу  хенахь  хала  цамгар текхначул тІаьхьа  кхелхина  Алироев ИбрахІим, филологин а, историн  а Іилманийн  доктор,  профессор, Нохчийн Республикин Іилманийн  академин  декъашхо-корреспондент, Россин Федерацин Іилманан  хьакъволу  деятель.

Алироев ИбрахIим  вина  1934-чу  шеран  сентябрь беттан  4-чу  дийнахь  Къилбаседа ХIирийчуьрчу Мозлакхехь. Дешна  ГIиргIизойн  пачхьалкхан  университетан  филологин   факультетехь (шен  халкъаца  цхьаьна махках  ваьккхинчохь). 1958-чу шарахь,  Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  хьехархойн  институтехь  хьехархо   волуш  дIаболабо хьехархочун-Iилманчин  болх.  1972-чу шарахь дуьйна  еххачу  хенахь  юкъарчу  меттан  кафедрин  (кафедра  общего   языкознания)  куьйгалхо лаьтта. 1962-чу  шарахь  Гуьржийн Iилманийн академехь  чIагIйо  филологин Iилманийн кандидатан  диссертаци, 1972-чу шарахь  филологин  Iилманийн  доктор  хуьлу, 1993-чу  шарахь  Россин  Iилманийн  академин  Этнографин  институтехь  чIагIйо  историн  Iилманийн докторан  диссертаци. Кхиаме  хилла цо Iилманан  хьаьрмахь  къахьегар – бIе  сов  Iилманан  белхан   автор  ву иза,  шайна  юкъахь 20 сов  маьIне   монографи а  йолуш. («Очерки этнографии  чеченцев и ингушей», «Язык, история  и культура вайнахов», «Становление и развитие  вайнахских языков», «Кистинский диалект чеченского языка», иштта  кхин а). И.Алироевс  дукха  болх  бина  къона   Iилманчаш  кхиорехь а. Цо кечвина   филологин  Iилманийн  3 доктор,   15 кандидат.

Шен дерриге а дахар  нохчийн  Іилма а, нохчийн  Іилманчаш а  кхиорна  дІаделла  ИбрахІима. Іилманан гуонашлахь  иза  вевзара  билггал а  похІме  Іилманча а,  Іилманан дика  вовшахтохархо а санна.

Шен къоман а, мехкан а дуьхьа  хьанал  вацаран  масал  хилла ваьхна, адамашца ваза  хууш, оьзда, догцІена стаг  санна  вуьсур  ву иза  тхан дегнашкахь.

Дала  гечдойла  цунна, Дала диканца  бекхам  бойла  нохчийн  Іилма  кхиорехь  цо  хьегначу  къинна.

Накъостийн тоба

 

Кадам

Нохчийн Республикин Іилманийн  академин  президиумо даггара  халахетарца  кадам бо  филологин  а, историн  а  Іилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин  Іилманийн  академин декъашхо-корреспондент Алироев Ибрах1им кхалхарца  доьзна  цуьнан  доьзале а, гергарчаьрга а.

Дала гечдойла цунна, Дала  ийман долу  собар  лойла  шуна  а, халахетаран дакъа  мел долчунна а.

Нохчийн Республикин  Іилманийн академин  президиум

 

«Даймохк» газетан  редакцин  коллективо  халахетарца  кадам бо  Нохчийн Республикин Іиманийн  академин  декъашхо-корреспондент Россин Федерацин  Іилманан хьакъволу деятель, филологин а, историн а  Іилманийн  доктор Алироев  ИбрахІим кхалхарца  доьзна  цуьнан  доьзале  а, гергарчарга а.

Дала гечдойла  цунна, Дала ийман долу  собар  лойла  шуна  а, халахетаран  дакъа  мел  кхаьчначунна а.

«Даймохк» газетан  редакцин  коллектив 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: