Берриге а махкана – маьIне сацам

Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис билгалдаьккхира динан сийлахь  йозанаш экстремистски ларар ца магош дехкаран хьокъехь долу гIуллакх мехала а, цуьнга хьовсар шен хеннахь хиларан а.90

   Билгалдаккха деза: Россин Президента Путин Владимира Пачхьалкхан  Думе хьажийта дIаелла Инжилна а, Къоръанна а, Танахина а (иудизман сийлахь йозанаш), Ганджурина  а (буддийски  йозанаш)  экстремистски  материалаш ларар  дехкаран хьокъехь долчу законан проект.

Шуьйрачу юкъаралло  чIогIа бехкебарца тIеэцна «Деле доIа: исламехь  цуьнан маьIна а, меттиг а» цIе йолу книга «экстремистски материал» лараран хьокъехь  болчу  прокуроран лехамца  Къилба-Сахалински  суьдан  суьдхочо  кху шеран августехь тIеэцна сацам. Цунна ша чIогIа оьгIазвахана хилар дIахаийтира хIетахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Оцу сацамна арз дира цо.

– Ма-дарра аьлча, динах тешаш долчу миллионаш адамийн динан ойланаш  сийсазъярна  ша  нийса а долуш оьгIазвахарца хIетахь  Кадыров Рамзана оцу гIуллакхна тидам тIебахийтира Россин Куьйгаллин а, юкъараллин а. Нагахь санна   юкъаралло оцу гIуллакхана оьгIазъяхар ца гайтинехьара а, лаккхарчу гIуллакхерчу наха шен хеннахь цунна тIе  тидам ца бахийтинехьара а,  хьал бохамечу новкъа хIотта тарлора», – билгалдаьккхира Н.Нухажиевс.

Цунна хетарехь, сел хьекъале боцу сацам тIеэцна волу суьдхо, я лехам бина волу прокурор генна  йоьлху  Iалашонаш йолчу  питанчийн карахь  зуламаш даран гIирс хила  тарлора. Оцу кепара питане  суьдан сацамаш махкахь долу юкъараллин-политически хьал талхорна  тIехьовсийна бу, – боху цо.

Къилба-Сахалинск гIалин суьдан сацамо динах тешаш долчу  миллионаш  адамийн динан ойланаш сийсазйина ца Iаш,  бохаме тIаьхьенаш йолу кхераме гIуллакх хила тарлора иза. Массо а тайпанчу экстремисташа, царна юкъахь «Иблисан пачхьалкхо» а, Россехь долу хьал  талхо гIерташ, цунна дуьхьал  шайн цхьана Iалашонца къийсам  латточу таханлерчу хьелашкахь динах  тешаш болчеран динан ойланашца  оцу  кепара «зераш дар» къаьсттина  кхераме ду. Билгал  бакъду, хIетахь  суьдан питанечу  сацамах доккха халахетар хилла а, иза оьгIазвахарца тIеэцна а волу Нохчийчоьнан Куьйгалхо Кадыров  Рамзан а, Пачхьалкхан куьйгалхо  Путин Владимир а дика кхеташ вара оцу кепара питанаш Россин дуккха а къаьмнийн а, дуккха а дийнийн а юкъараллина зуламе  хиларх. Цундела цунна жоп далар хьакъ ма-дду хилира.

Н.Нухажиевна хетарехь, чIогIа мехала ду и гIуллакх законодательни тIегIанехь дIанисдар.

Конституци ларъяран чIагIо хиларе терра, пачхьалкхан Куьйгалхочо тIеэцна берриге а махкана чIогIа мехала болу сацам. Оцо  сацор ду динан гIуллакхах зуламечу Iалашонашкахь пайдаэца гIертар. Ма-дарра аьлча, оцу сацамо бохийна махкахь долу хьал оцу кепара талхо а, бусалбанийн дерриге а дуьне Россина дуьхьалдаккха а планаш хIиттош хилла ницкъаш, – элира Нухажиев Нурдис.

 

М.РУСЛАНОВ

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: