Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министерствехь Къилба федеральни округан Хьуьнан бахаман департаментан директора Костенич Петара республикин хьуьнан бахаман белхахошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.
Цхьаьнакхетаран дакъалацархошка динчу къамелехь П.Костенича билгалдаьккхира тIаьххьарчу деа шарахь Нохчийчу ша дуьххьара веана хилар а, кхузахь хиллачу баккхийчу хийцамаша ша баккъал а цецваьккхина хилар а.
– Хьуьнан бахаман белхахоша боккха болх бу хьуьнан фонд меттахIотторехь дIахьош. Суна хаьа, шун цхьацца проблемаш юйла, оцу балхаца йоьзна йолу. Амма суна иштта хаьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шуна гIо дой а. Кхечу субъекташкахь наггахь а карор дац иштта масал, – элира цо.
Оцу цхьаьнакхетарехь иштта дийцаре дира Нохчийн Республикехь хьуьнан фонд меттахIотторца доьзна долу проблемни гIуллакхаш а, ведомствона хьалха лаьтташ долу декхарш а, хьуьнан бахамца доьзна болу законашкахь хилла хийцамаш а.
Шен къамел дерзош, Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гонахара хьал лардаран министран заместителна М.Хавраевна «Нохчийн Республикехь хьуьнан бахам кхиорна» Сийлаллин грамота елира Къилба федеральни округан Хьуьнан бахаман департаментан директора.
И.ХАСАХАНОВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо