Бакъонаш хIоранна а йовза еза

   Вайн бахархойн тайп-тайпана хаттарш кхоллало шайн бакъонаш  ларъярца доьзна. Уьш хуьлу граждански, административни, доьзалан, къинхьегаман, хIусамийн, налогови, уголовни  дакъошкахь долчух. Юристаша царна лучу жоьпех  нахана нислучу  гIуллакхийн  хьокъехь  доккха  гIо хуьлу. 

     Тахана бахархойн   хаттаршна жоьпаш делла Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан прокуроран лакхарчу гIоьнчас Степанов Артема Александровича.

   – Со  балхара дIавала дагахь ву, амма  куьйгалхочо сан  къинхьегаман книга а , алапа а ша схьалур дац боху. ХIун дан деза ас?    Магомадов Мохьмад. Соьлжа-ГIала.

– Россин Федерацин  Къинхьегаман Кодексан  84,1 статьяна тIе а доьгIна , къинхьегаман бартбар чекхдолучу дийнахь , предприятин я организацин куьйгалхочунна тIехь ду, хьуна догIуш долу ахча схьа а луш, къинхьегаман книга схьаялар. Нагахь хьо балхара дIаволучу дийнахь, цхьацца бахьанашца книга схьаяла аьтто ца хиллехь,  цо хьуна уведомлени яийта еза, къинхьегаман книга схьаэца вар доьхуш, я хьоьгара пурба даккха деза почтехула иза схьатаса. Балхара дIаволучу белхахочунна Къинхьегаман книга шен хеннахь книга дIа а ца елла, цуьнан денош эрна дайнехь, куьйгалхо  декхарийлахь ву  цунна оцу ханна  догIуш долу  алапа дIадала. РФ-н.Къинхьегаман Кодекс, 234-гIа ст.)  Цуьнан кхечу метте балха ваха йиш ца хуьлу карахь къинхьегаман книга ца хилча. Цундела РФ-н Къинхьегаман Кодексан 165-чу статьяна тIе а доьгIна,  балхара дIаволучу стеган  къинхьегаман книга дIаяла хьейинехь,  куьйгалхочо, юкъарчу барамехь долчу белхан алапах компенсаци дала деза цунна.  Куьйгалхочунна тIера жоьпалла дIадолу къинхьегаман книгин хьокъехь балхара дIаваьллачу стаге уведомлени яхьийтинчу дийнахь дуьйна .

Балхара дIаволучу стага суьде дIахьедар дан деза шен йохийна  бакъонаш юьйцуш. Цига еллачу искана юкъа далон деза: къинхьегаман книга схьаялар тIедожор , алапа схьадаккхар а, иза хьедарна,  моральни зе дарна компенсаци даккхар.

  – Со Москварчу лакхарчу дешаран заведенехь заочно доьшуш ю. Болх беш а ю. Тхан организацин куьйгалло суна дешаран отпуск ца ло, хIоразза а алапа доцуш йолу отпуск оьцу ас. Нийса дуй иза? Х. Абаева Соьлжа-ГIала.

РФ-н Къинхьегаман Кодексан 173-176 статьяшна тIе а доьгIна, болх а беш, доьшуш болчу  белхахошна елла гарантеш ю.  Алапа а луш, кхитIе а   отпуск йогIу цунна;

  а) пачхьалкхан аккредитаци йолчу лакхарчу дешаран заведене  белхан куьйгалхочо шен организацехь волу белхахо  деша вахийтинехь а , шен ницкъаца иза  ваханехь а,  иштта дешарца иза ларош  велахь а. (РФ Къ. К 174 ст.)

   б) пачхьалкхан аккредитаци йолчу юккъерчу корматаллин  дешаран заведене  белхан куьйгалхочо шен  белхахо  деша вахийтинехь а, шен ницкъаца иза  ваханехь а,  дешарца иза ларош  велахь а. (РФ Къ. К 174 ст.)

   в) пачхьалкхан аккредитаци йолчу юьхьанцарчу  корматаллин  дешаран заведене  белхан куьйгалхочо шен  белхахо  деша вахийтинехь а , шен ницкъаца  иза  ваханехь а,  дешарца иза ларош а велахь. (РФ Къ. К 175 ст.)

 г) пачхьалкхан аккредитаци йолчу суьйренан юккъерчу    дешаран заведенехь белхахо  доьшуш велахь, 9–11-чуй,  классашкахь цуьнга экзаменаш ялийта,  куьйгалхочо кхитIе а отпуск яла декхар ду, цуьнан  алапа  а ца сацош. (РФ Къ. К 176 ст.)

Кхин цкъа а билгалдаккха догIу, алапа  а ца сацош,  белхахочунна кхитIе а дешаран отпуск йогIу, нагахь санна цо доьшуш йолчу дешаран заведенин пачхьалкхан аккредитаци елахь. Нагахь оцу дешаран заведенин иштта аккредитаци яцахь, алапа  сацош йолу отпуск йогIу.

Белхахочунна  алапа а луш хIора шарахь  луш йолу  отпуске ваха йиш яц кхитIе а луш йолчу дешаран отпускаца. (РФ Къ. К 124 ст.) Иштта меттиг нисъелча, хIора шеран отпуск  белхахочун лааме хьаьжжина  дIататта еза.

Нагахь организацин, учрежденин  куьйгалхочо шен белхахочунна дешаран отпуск ца лахь, белхахочо и гIуллакх суьде дала мегар ду. Цхьа а шеко яц, законо  цуьнан  гIо лоцург хиларан .

Артем Александрович, баркалла, хьуна.

Материал зорбане кечйина  Дудаева Билкъиса.

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: