Кадыров Рамзан Iеламнахаца цхьаьнакхийтира

Вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан кест-кеста цхьаьнакхета Нохчийчуьрчу Iеламнахаца. Иштта, хIокху деношкахь рогIера цхьаьнакхетар хилира цуьнан регионан муфтица Межиев Салахьца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директорца Дадаев Ризванца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан гIуллакхашкахула волчу хьехамчица Шахидов Адамца, Кишиев Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетан ректорца Мутушев Iабдурахьимца, Соьлжа-ГIалин къедица Хийтанаев Мохьмадца.

   Цара дийцаре дира экстремизман идеологина дуьхьал къийсам дIабахьарехь Iеламнаха дан догIу гIуллакхаш. Цхьаьнакхетаран юьххьехь Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира районийн къеданаша, маьждигийн имамаша, шайна тIехь долчу жоьпаллех а кхеташ, доггаха болх бан безаш хиларна, экстремизман идеологина дуьхьал дийнахь а, буьйсанна а къийсам дIабахьа безаш хиларна.

«Вайна дика дагадогIу Исламан мостагIаша, динан кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, маьршачу нехан цIий Iенор. Цара шайн могIарш тIедузура кхетам кхиъна балаза болчу кегийрхошца, харц хьехамаш барца уьш Iеха а беш. Вайн ирсана, и бохаме заманаш дIаевлла. Вай тахана маьршачу, синтемечу, зазадоккхучу махкахь Iаш ду. Вайн декхар ду тIетаьIIина къахьегар, кхиамаш дебор. Кхузахь къаьсттина мехала маьIна лелон декхар бу Iеламнах. Цара къоначарна цIеначу Исламан хьокъехь хьехамаш бан беза. Цуьнан хазалла, исбаьхьалла йовзийта еза», – бохура Кадыров Рамзана.

Цо чIагIдина ма-хиллара, террористаша а, экстремисташа а, церан идеологаша а шуьйрра пайдаоьцу социальни зIенех, мобильни мессенджерах. Адамаш Iехорехь царна мехала гIирс хилла дIахIоьттина интернет. Экстремизман а, терроризман а идеолигех интернетехь ларбан беза вайн кегийрхой, кхиазхой.

Кхузахь леррина тидам тIебахийтира Шемахь, Иракехь, кхечу пачхьалкхашкахь террористаша бусалбанашна тIехь латточу Iазапна, цара бусалба дин сийсаздан гIерташ лелочунна. «КIеззиг а бусалба динах кхеташ волчунна дика хаьа террористийн а, экстремистийн а бусалба динца дозуш хIумма а цахилар. Уьш зуламхой бу. Цара маьрша нах хIаллакбо, талораш до, маьждигаш, зераташ, эвлаяийн кешнаш лоьлхуьйту. Шайн къизачу, акхачу зуламашца Исламан мехаллаш сийсазйо. Цара зуламаш дар бахьанехь уггаре а боккха бала хьоьгуш, хало Iовшуш берш бусалбанаш бу», – элира республикин Куьйгалхочо. Цо бохуш дерг къобал ца дойла а дацара.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачара тIелецира экстремизман а, терроризман а идеологина дуьхьал дIахьош болу къийсам кхин а жигарабаккха, къаьсттина тидам интернетехь болх барна тIебахийта.

С.ХАМЗАТОВ

 №119, 24 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: