Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон коллегин рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира хIокху шеран исс баттахь бакъонаш ларъяран органаша бинчу белхан жамIаш. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран декхарш ханна кхочушдеш волу Алаудинов Апти, кхиберш.
Шен къамелехь Кадыров Рамзана элира республикин бакъонаш ларъяран органаша хIокху шеран исс баттахь бинчу белхан коьрта жамI республикехь синтеме хьал хилар ду аьлла. «ТIаьхьарчу шерашкахь вайн регион Россехь уггаре а синтеме йолчарах цхьаъ хилла юьсуш ю. Оцу декъехь баьхна кхиамаш кхин а алсамбаха беза. Иза иштта хилийтархьама дерриге а дан деза Нохчийчу «Иблисан пачхьалкхан» идеологаш а, боевикаш а, церан гIолоцуш берш а ца кхачийтарехьа. Цунна ондда дуьхьало ю говза дIахIоттийна болу профилактика яран болх.
Кхиамаш баккъал а дика бу. ХIара шо доладелчахьана дуьйна дикка алсамдаьлла террористийн, экстремистийн гIолоцуш берш гучубахар, и саннарш, шайн бехкана къера а хилла, Iедалан органашна тIебахкар. Кхиамца совцийна теракташ ян гIиртинарш. Алсамболуш бу бахархойн бакъонаш ларъяран органашка болу сий-ларам. Адамаш кийча ду полицина жигара гIо дан», – бохура Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь къаьсттина тидам тIебахийта хьакъ ду Нохчийчоьнан некъашкахь бохамаш хилар лахделла хилар. Иза а бакъонаш ларъяран органийн белхахоша шайн болх говза а, дика а баран жамI ду. Оцо гойту гIуллакх хаарца дIахIоттийча мел чолхечу балха тIехь а кхиаме кхача аьтто болуш хилар. Республикин Куьйгалхочо бакъонаш ларъяран органийн белхахошна баркалла элира иштта кхиаме болх барна, дIахаийтира кхул тIаьхьа а церан балхахь лаккхара кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.
Цул тIаьхьа къамел динчу Алаудинов Аптис билгалдаьккхира МВД-н балхахь, хьалха а санна, терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIабахьар коьрта хилла дуьсуш хилар. «Кху шеран исс баттахь бакъонаш ларъяран органаша юкъараллица цхьаьна болх бар бахьанехь, шайн бехкана къера а хилла, Iедална тIевеана бандподпольен 66 дакъалацархо а, церан гIолоцуш хилларг а. Герзаца дуьхьало йича хIаллаквина 16 террорист, церан цхьа куьйгалхо. Террористически амал йолу 170 зулам Iорадаьккхина. Царах 58 зулам хьан дина хиъна. Иштта, гучу а яьлла, йохийна герзаш дIалачкъийна хилла 11 меттиг», – элира цо.
Министран декхарш ханна кхочушдеш волчо дийцарехь, дуьззина схьаэцча, Нохчийчохь долу хьал шайн тергонехь латтийна бакъонаш ларъяран органийн векалша. «Зуламаш дар лахдаларе кхаьчна. Хьалха хиллачул дикка лахара ду къиза зуламаш дар. Лакхадаьлла зулам динарш гучубахар а, схьалацар а, уьш жоьпе озор а. Лахделла зуламхой гучубахаза дисина хилла уголовни гIуллакхаш а», – чIагIдира инарлас.
Шен къамел дерзош А.Алаудиновс даггара баркалла элира Кадыров Рамзанна бакъонаш ларъяран органийн балха тIехь хаддаза терго латторна, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу МВД-н белхахойн доьзалийн а, чевнаш хиллачеран а гIайгIа барна.
Д.САИДОВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо