Пакистанерчу цхьана маьждигехь террориста, ша-шен а оьккхуьйтуш, лаххара а итт стаг вийна, чевнаш хилларш шозза алсам бу.
***
Швецехь цхьана стага, школа чу а иккхина, герз диттина. Цигахь ши стаг вийна. Зулам динарг ша а велла больницехь.
***
Россин тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна дохийна Ефрата тIехула тиллина тIай. И бахьанехь Иракера хуьлуш долчу гIонах дIахадийна «Иблисан пачхьалкхан» Шемара гIеранаш.
***
«Иблисан пачхьалкхан» Шемара гIеранаш Хонкара а, Иордани а дIауьдуш ю, герзаш охьа а кхуьйсуш.
***
ХIокху деношкахь Шеман Iедалан эскарша дIахьош ду Алеппо. Хомс, Дамаск, кхин а шина шахьарара террористаш а, экстремисташ а лахкар.
***
ТIаьхьарчу шина дийнахь еккъа цхьана Словени кхаьчнарг 12 эзар сов мигрант ву. Уьш дIанисбарна а, кхечу пачхьалкхашка дехьа бовлийтарна а ша хIун дийр ду ца хууш хьийза мехкан куьйгалла.
***
Украинин Iедалан герзашца кечбинчу ницкъаша Донецкан а, Луганскан а дозанера юхаяьхна ерриге а танкаш.
***
Россин Президента В.Путина дакъа а лецира, къамел а дира Сочехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу «Валдай» дискуссин клубин хIора шеран ХII-чу пленарни сессехь.
***
Россин Президента В.Путина ДоттагIаллин орденца совгIат дина Никарагуан президентана Даниэль Ортегона.
***
Россис 1,2 миллиард доллар кредит лур ду Кубина йовхонан электростанцин йиъ энергоблок яйта.
***
Чинин пачхьалкхехь дIахьош йолчу инвестицийн дуьненаюкъарчу ярмаркехь дакъалоцуш ю Россера 37 компани.
***
Москвахь дIаяьхьначу мехкан правительствон рогIерчу кхеташонехь премьер-министра Д.Медведевс билгалдаьккхира пенси боьлху хан пачхьалкхан гIуллакххошний бен лакхаяккха лерина цахилар.
***
ТIаьхьарчу цхьана кIиранчохь Россин дуьненаюкъара тIаьхьалонан валютан фонд 3,5 миллиард долларна алсамъяьлла.
№119, 24 октябрь, 2015 шо