Юьртан бахам кхиоран региональни программийн гIолацарна 1 миллиард сом къастийна Россин Правительствос. И ахча 23 субъектана юкъахь дIасадоькъур ду. Нохчийчоьнна 19,5 миллион сом кхочур ду.
Ахча къастор ду регионийн бюджеташна субсидеш яларан кепехь.
Массарначул а алсам – 244 миллион сом гергга – лур ду Краснодарски крайна, Амурски областана 217 миллион сом къастийна.
И ахча экономически мехала долу дакъош, ша аьлча, вета а, дуга а лелор кхиорна хьажор ду. Цул совнаха, оцу ахчанах харжаш йийр ю хиш тIедовларо талхийна долу Генарчу Малхбален латтанаш меттахIитторна. Ахчанах санехь пайдаэцарна тIехь хIора шарахь терго латтор ю Россин Федерацин юьртан бахаман министерствос.
С.ЛАЛАЕВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо