Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана куьг яздира Нохчийн Республикин халкъан артистана Исмаилов Шарпуддина Кадыровн орденца совгIат даран хьокъехь долчу указна. Цу хьокъехь болу сацам тIеэцна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Несин Айманин дехарца. СовгIат даздаран хьолехь дIаделира вежарийн Шарпуддин а, Ризавдин а ИсмаиловгIеран концерт дIайоьдучу хенахь.
«СовгIаташ дарехула йолчу Кхеташоно къобалдира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Несин Айманин дехар. Цо и дехар динера ша оцу Кхеташонан декъашхо хиларе терра. Ас хазахетарца куьг яздира указна, даздаран хьолехь орден цунна дIа а елира», – яздира цул тIаьхьа инстаграмехь йолучу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Ша аьллачунна тIетухуш Кадыров Рамзана дийцарехь Исмаилов Шарпуддис а, цуьнан вашас Ризавдис а республикин артисташна юкъахь къаьсттина меттиг дIалоцуш хиларх лаьцна. «Нохчийн эстрадехь тIаьхьарчу шерашкахь гучубевлла похIме артисташ. Царна юкъахь а къаьсттина меттиг дIалоцуш ву похIме ши иллиалархо, Нохчийн Республикин халкъан артисташ Шарпудди а, Ризавди а ИсмаиловгIар. Церан концерташкахь дIаолуш долу хIора а илли вайн республикин культурин дахарехь башха хилам хуьлий дIахIуттуш ду», – яздо цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь вежарша доггаха болх бо хIора а композици тIехь. Цхьа байт схьахоржуш иттаннаш гуларш йоьшу. Кхиберш майра, хьанал, доьналла, стогалла йолуш, Даймехкан бакъболу къонахий хиларе кхайкхина ца Iаш, и шиъ а ву оцу лехамашна дуьззина жоп луш. Церан иллеш ненан, Даймехкан, къонахийн, доьналлин шатлакхан иллеш хилла дека», – чIаг1дира Кадыров Рамзана.
Цул сов республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президент Несин Аймани, ИсмаиловгIара кхоллараллин некъ дIаболийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна, царна дахарехь-Iерехь гIодеш а, царна верасалла деш а хилар. «Цунна хетарехь цара деш дерг доккха гIуллакх ду кегийрхой ийманехь, оьзда кхиорехь, нохчийн культура кхиорехь. Суна даггара лаьа Шарпудди а, Ризавди а нохчийн халкъана безаш Даймехкан бакъболу кIентий даима а хуьлийла!» – дерзадо Нохчийнчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№119, 24 октябрь, 2015 шо