ХIокху деношкахь Краснодар гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь хьалхеяккхаран схьайиллина турнир. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 11 спортсмен вара.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Вайн республикерчу командо цигахь дика кхиамаш бехира. Иштта, хьалхара меттигаш ехира: Забаев Ислама (42 кг) – ДЮСШ №7, Гелаганов Мохьмада (58 кг) – ДЮСШ, Грозненски районера Мехкадаьттан-Юрт. ШолгIа меттигаш ехира: Муцаев Ахьмада (50 кг) – РДЮСШ, Яшуркаев Зелимхас (54 кг) – ДЮСШ №7, Бибулатов Сайд-Селима (63 кг) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттиг яьккхира Абкаров Зелимхас (46 кг) – Соьлжа районерчу Эна-Хишкара ДЮСШ. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнаш бу уьш Iамийна церан тренерш: А.Магомадов, Х.Исаев, Т.Арсанукаев, Б.Тулаев.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца.
З.ШИШХАНОВА
№120, эсаран беттан 27-г1а де, 2015 шо