2015-чу шеран октябрь беттан 23-чу дийнахь цхьа тамашийна самукъане зевне аьзнаш дара Соьлжа-ГIаларчу вокзалан перонехь хезаш. Хаза кечделла алссам бераш дара цигахь. Уьш Нохчийн Республикин коьртачу шахьаран культурин департаментан муниципальни «Грозный» цIе йолчу берийн хелхарийн ансамблера бераш хиллера. Масех шо ду Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Тахаев Мохьмада и ансамбль вовшахтоьхна, цу юккъера хьуьнаре бераш Нохчийчохь девза, шовкъечу хелхаршца цара хьовсархойн дегнаш хьоьсту.
Леррина дехарш дина кхайкхина хьошалгIа дуьгуш хиллера вайн бераш. 26-27-чуй деношкахь Москва гIалахь дIахьочу дефектологин-логопедин ерригроссин хьалхарчу гуламехь гайта леринчу гала-концертехь дакъалацийта. Лаккхара говзалла йолу лоьраш бу Россин пачхьалкхан массо маьIIера съездехь дакъалаца гулбелла. Цара дийцаре дийр ду, Россин пачхьалкхехь берийн цамгаршца долу хьал. Вовшашна довзуьйтур ду шайн атта боцчу балха тIера зеделларг. Билгалдоккхур ду берийн могашалла ларъярехь вайн пачхьалкхехь герггарчу заманахь дан леринарг. Цхьаьнакхетар дерзош Россин дукхах йолчу регионашкара кхайкхина далийначу похIме бераша гала-концерт лур ю. Соьлжа-ГIалара яхана «Грозный» ансамбль масех хелхар гайта дезаш ю ерригроссин лоьрийн гуламехь.
А.АРАПХАНОВА
№120, 27 октябрь, 2015 шо