Иштта яра кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан спортан залехь даздаран хьолехь схьайиллинчу хIорашеран спартакиадан цIе. 2015-чу шеран 15-гIа декабрь кхаччалц дIахьур йолуш ю иза.
Спартакиадин берриге а дакъалацархой вай лакхахь хьахийначу университетан студенташ бу. Иза дIахьош ю студентийн цхьаьнакхетараллийн болх кхиоран программа кхочушъяран гурашкахь. Цунна юкъайогIу 12 спортан кеп: баскетбол, волейбол, стоьлан теннис, герканийн спорт, армрестлинг, шахматаш, жIаккеш, паргIата кепара охьатохархлатар, дзюдо, некадар, мини-футбол, футбол.
Спартакиадин хьалхара дакъа схьадиллира волейболан турнирца. Цу мехалчу спортан къийсадаларшкахь студентийн аьтто хир бу шайн ницкъ, хьуьнар, доьналла гайта.
З.ЧИНХОЕВА
Суьрта тIехь: НПУ-н студенташ
№120, 27 октябрь, 2015 шо