Олуш ду-кх, кегийрхой къоман кхане ю. Цундела Iедало вайн кегийрхойн леррина терго йо. Цаьрца жигара дIахьош бу кхетош-кхиоран белхаш. Уьш харц новкъа ца бовлийтарехьа къахьоьгу церан дай-наноша а. Иза иштта ца хилча, йицлур ю къоман культура, кхуьур бац махкахь турпалхой, оьзда мехкарий.
Жимачохь дуьйна а къаьсташ хуьлу дешарна, къинхьегамна тIера долу бераш. Ишттачарах цхьаъ ву Яричев Джамал. 1995-чу шеран 25-чу декабрехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла иза. Жимачохь дуьйна а хIуманна духе кхуьуш хилла кIант. Шен цIерачаьрга даима олуш хилла: «Воккха хилча со бизнесмен хир ву».
Джамал Нохчийн пачхьалкхан университетан студент ву. Экономикин факультетехь, 3-чу курсехь Ф-2 группехь доьшуш ву иза. Дешарца дика ларош ву. Хьалхарчу курсехь дуьйна университетан юкъараллин а, Iилманан а дахарехь, жигара дакъалоцуш ву.
Иштта университетехь йолчу «Финансист» Iилманан клубан декъашхо а, волонтерийн тобанан председатель а ву Джамал. Мискачу, могашалла ледара йолчу, берашна шайга далучу агIор гIо до цу тобано. Доккха совгIат ду и тайпа къинхетаме, мискачух дог лозуш кегийрхой хилар.
2014–2015-чуй шерашкахь хиллачу «Машук» форумашкахь а дакъалаьцна цо. 2014-чу шарахь Москвахь хиллачу «Железный предприниматель» къовсамехь совгIатан меттиг яьккхина.
Ша хаьржина корматалла дукхаезаш, кхидIа а Iилманан декъехь къахьега дагахь ву Джамал. «Бугалтерски учет, микроэкономика, маркетинг евзаш ца хилча предприятин а, организацин а кхузаманан лехамашца богIуш болх нийсачу новкъа баккха кхоччуш аьтто хир бац. Хетарехь и хир ду ас экономикин факультет харжаран бахьана а», – бохуш дуьйцу студента.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Яричев Джамал
№120, 27 октябрь, 2015 шо