Дайшкара кхаьчна говзалле марзо

Курбанов Рамзанан дедеда а, деда а, деден вежарий а хилла хьехархой. Ткъа хIинца, цуьнан да а, нана а, 2 йиша а, деваша а (Курбанов Мусхьаб – Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо) хьехархой бу.Студент

   Баккъал а дагна езаш хаьржиний ахь хьехархочун корматалла я доьзалехь берриге а аьлча санна хьехархой хиларо Iаткъам бина? –  аьлла шега динчу хаттарна  иштта жоп делира цо:

«Дуккха а хьехархой болчу доьзалехь кхуьуш хилча, Iаткъам ца хуьлийла а дац. Бакъдерг дийцича, сан да-нана а дара сох хьехархо хуьлийла лууш. Амма сайн лаам ца хиллехь, ас и некъ хоржур бацара. Жима волуш дуьйна гора суна сайн дас-нанас бен болх. Иштта, жим-жима езаелира суна хьехархочун корматалла», – бохура цо.

Курбанов Рамзан школехь доьшуш волуш дуьйна а истори предметаца гергарло долуш вара. Историн предметана цIахь Iамон елла тема  дикка Iамайора цо. ДIаяханчу заманахь хилларш  довза лаьара кIантана. Цунна хир дара школехь дешна ваьллачул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан историн а, правон а факультете иза деша вахар.

Дукха хан ца ийшира цунна шен нийсархошца гергарло таса. Билгалдаккха деза, Рамзана школа дика дешарца чекхъяьккхина хилар а, хIинца университетехь а иза дешарна тIаьхьавуьсуш цахилар а. Карарчу хенахь 3-чу курсехь доьшуш ву иза. Кхузахь, школехь санна истори предмете шовкъ ю цуьнан. Иштта социологи предмет а дукхаеза цунна. Университетан дахарехь жигара дакъалоцуш ву Рамзан. Студентийн шаьш шайна урхалла даран комитетан декъашхо ву иза. Университетехь  цхьаьнакхетарш вовшахтухуш доккха дакъа лоцу цо. Иштта,  волонтерийн корпусана юкъахь а ву иза. Волонтерийн тайп-тайпанчу гIуллакхашкахь а дакъалоцу студента.

Рамзана дакъалаьцна дуккха а форумашкахь а, Iилманан-практикин конференцешкахь а.  Масала, 2013-чу шарахь хиллачу Ерригроссин «Диалог культур как фактор формирования гражданской идентичности» Iилманан-практикин конференцехь дакъалецира цо. Оццу шарахь хиллачу гIалин «История Чечни в лицах» конкурсехь 1-ра меттиг яьккхира Рамзана. Iилманан 7 статья язйина кIанта, царах 4 зорбане а яьлла. Иштта хааршка кхийдаш, массо хIуманна духе кхиа гIерташ волу студент хьехархо хила кечлуш хилча, дагна а синтем хуьлу. ХIунда аьлча ша санна Iамор бу цо шех тешийна дешархой.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Курбанов Рамзан    

№120, 27 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: