Кху деношкахь Невран районан Савельевски станицерчу юкъарадешаран школехь дIаяьхьира бакъонаш талхор ца хилийтарна лерина семинар. Иза дIаяхьарехь а, вовшахтохарехь а дакъалецира: Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон, кхиазхойн социальни реабилитаци яран «Феникс» туьшан, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан векалша.
Семинар вовшахтоьхначара дийцира дешархошна бакъонаш талхоро вуочу т1аьхьенашка кхачош хиларх лаьцна.
– Цигаьрка озаро а, могашалла талхочу психотропни молханаш мийларо а стеган могашаллина зен до, цул сов, цунах юкъараллина зулам долу. Кхиазхошна цигаьргаш йохкар административни бакъонаш талхор ду. Вайн республикехь бераш лардархьама кхоьллина бараман-бакъонийн бух бу. Делахь а, хIора а стагана хаа деза цигаьрка озар а, психотропни молханаш мийлар а харц некъ хилар. Цо стеган дахар хIаллакдо, – дийцира цара.
Школин директора Амирова ПетIамата баркалла элира баьхкинчу хьешашна. «Х1ара тайпа семинар тхан школехь дIаяхьар мехала гIуллакх ду. Берашна чIогIа оьшуш ду и бакъонаш талхоро, хьарам диначуьнга марздаларо къоначеран дахар дохош хиларх дерг довзийтар. ТIейогIучу хенахь царна пайдехь карор ду таханлерчу цхьаьнакхетарехь хилла къамел», – дерзийра П.Амировас
З.ЛЕЧИЕВА
Суьрта тIехь: семинаран дакъалацархой
№120, 27 октябрь, 2015 шо