Д1аоьхур ду шераш…

Дуьнен чохь яьккхинчу хенан йохаллехь  билггал  цхьа хилам гуттаренна а дагахь буьсу вайх х1оранна а. Х1ора стеган а шен-шен бу иза: цхьаннан дагчохь коьрта маь1на лелийна оцу хиламо дахаран новкъахь сирлачуьнга кхийдаш, ткъа вукхуьнан кест-кеста ойла ян дезаш хуьлу шегара евллачу ледарлонийн, хиллачу эшамийн. Аьлча а, вайх х1ораммо а шен лар юьту дахаран новкъахь.

Х1ора шарахь шен барам т1етт1а лахлуш д1абоьдуш болчу сан чкъуран кхетамехь коьртачарах цхьа хилам хилла дуьсур ду харцонца махках даьккхина хиллачу нохчийн халкъана ша дехаш хиллачу меттехь паргг1ат д1асалела бакъо ялар, цунна т1ехь кхоьллина хиллачу харцонна 1едалан уггаре лакхарчу т1ег1анашкахь къера хилла хилар, иза д1аяккхар, нийсо меттах1оттор. Жимма т1аьхьо шен дай баьхначу лаьтта т1е юхадерза цунна бакъо ялар. Кхочушхилира дехачу кхойтта шарахь нохчаша сатийсинарг.

Юьхьанцарчу шовкъаллехь царах дукхахболчарна дицделира шайна т1ехь латтийна 1азап, лайна халонаш. Х1ораммо а коьртаниг  лорура  шен дех дисинчу декъа т1ехь ваха бакъо хилар. Шайн Даймахка юхаберза таро хилчхьана, уьш реза бара и дерриге а дицдан – мацаллина, шелонна белла шайн дай-наной, вежарий-йижарий, доьзалхой, кхиболу гергарнаш, казахийн, г1ирг1изойн лаьтта т1ехь бухадуьсуш долу церан кешнаш (билггал хьесапаш дина цахиларна, и терахьаш яккхий шеконаш кхуллуш делахь а, тахана исторехь билгалдохуш дерш иштта ду: шайн х1усамех ваьккхина хиллачу ах миллион гергга стагах 1959-чу шарна бухависинарг 256 эзар стаг бен вацара).

Амма б1аьргашна дуьхьал тесна хилла марг1ал д1адаьлча, данне а кхечу кепара маь1на даккха дийзира оцу хиламан. Ас тахана ца дуьйцу нахана шайн махка берза таро луш хиллачу бакъонех йохк-эцар йолийна хиларх (цаьрга а ца хьоьжуш, официальни хаамашца 1957-чу шеран б1аьста ц1а веанарг 140 эзар стаг вара), адамийн даккхийдерах пайда а оьцуш, шайн киса дуьзинчара лелийнарг. Бакъ дуьненахь Дала хьакъ доллу жоп дехна хир ду цаьрга.

Кхин ду тахана билгалдаккха дезарг – 1едалан лаккхарчу т1ег1анехь хиллачу сацамца республика меттах1оттийна хиллехь а, ц1а доьрзуш долу адамаш т1еэца кечвелла 1аш цхьа а хилла цахилар. Оцу хьолан декъехь хиллачу сан чкъурах болчарна   дагайог1у хир ю 1957-чу шеран июнехь Соьлжа-Г1аларчу ц1ерпоштнекъан вокзалана уллерчу некъаш т1ехь лаьттина хилла адамех йоьттина вагонаш. Шайн хилла х1усамаш юхаерзор ю бохург-м хьехочохь а дацара, адамашна ур-аттал шайн ярташка д1адаха бакъо а ца лора меттигерчу 1едалша. Дихкина дара царна шайн дай баьхначу Шуьйтан, Шаройн, ламанан кхечу районашка юхадерзар.

Догг1учуьра аьлча, т1аьхьо   ондда «т1аьхьенаш» елира оцу ямартчу политико – аьттехьа а меттах1отто ницкъ ца кхечира даьхнилелоран сурсаташ дахарехь т1амал хьалхарчу шерашкахь хилла барамаш. Муха кхочур бара, нагахь нохчийн меттигаш д1алаьцна 1ийначара республика меттах1оттийначул т1аьхьа шаьш д1абоьлхуш, шайца дерриге а даьхни д1адигина хилча, цу т1е шаьш чохь хан яьккхина хилла нехан х1усамаш  х1аллак а еш. Оцу шерашкахь говзанчаша а, 1илманчаша а (царах цхьаъ вара экономикин 1илманийн кандидат Х.Арсанукаев) деш хиллачу хьесапашца б1еннаш эзарнашкахь дара вай долчуьра д1адигина даьхни.  Цунна къеггина тоьшалла ду Веданан районан масал а: республика меттах1оттоле  цхьа-ши шо хьалха шайн цигахь ткъе итт эзар гергга уьстаг1 хиллачу пачхьалкхан бахамашкахь (статистикин официальни хаамашца) меттах1отторан хьалхарчу шеран жам1ашкахула цхьана эзарне кхочуш а уьстаг1ий дацара.

Шайн Даймахка юхадоьрзуш долчу адамашна г1о дар-м хьехочохь а дацара,  мелхо а шайн ницкъ кхочучу кепара дуьхьало йора меттигерчу 1едалша, нагахь билггал аьлча, Яковлев коьртехь хиллачу партин обкомо, уьш шайн х1усамашка юхадерзарна. Къайлах а, къулах а теттина мах а луш, юхадерзадора наха бакъонца шайн хилла дакъош. Иза дича а, чекх ца долура г1уллакх, т1ех1уттура рог1ера хало, адамаша шайн кисанара ахча а луш, схьаэцна   бахамаш 1едалан органаша уьш долахой ца х1иттош. Жимма хан бен ца ийшира оцу ямартчу политиках  нах кхета. Нохчий ц1а берзарна дуьхьал массо а т1ег1анашкахь  къайлах лело долийна хиллачу г1уллакхийн юьхь хиллера иза. 1958-чу шеран хиламаша, доцу бахьана а х1оттийна, нохчий юха а арабахар лоьхуш д1абаьхьначу гуламаша ма-ярра схьагайтира 1едалан бакъйолу юьхь, цо юьхьарлаьцна хилла 1алашонаш. Питана иза долийна хиллачарна шайна дуьхьал делира – къаьркъано хьере йинчу х1уьмалгаша  масех дийнахь, йохалург йохош, аталург отуш, шайн карахь латтийра обком, жоьпаллин цхьацца болчу белхахошна муьшканаш а еш.

Иза а г1уллакхан цхьа аг1о бен  яцара. Адамаш шайн х1усамашка дерзаран декъехь еш йолчу новкъарлонех г1уллакх ца хилча, юкъаяьккхира керланиг, кхин а йоккханиг. Цецах луьттуш, чекхвоккхура цхьанхьа балха х1уттуш верг. Уггаре а хьалха бале йолург прописка яра. Иза яцахь, балха х1отталур ву бохучуьнга сатийса оьшуш а дацара (и бахьанехь, масех шо даьлча а, г1алахь 1аламат к1езиг бара нохчий, цо т1едалийра г1алина гонаха керла поселкаш кхоллаяларна). Цундела куьйгийн п1елгашна т1ехь багарбан таро йолуш бара г1ишлошъяран организацешкахь, транспортехь, дахаран хьашташ кхочушдечу предприятешкахь белхаш беш болу нохчий. Х1етахь юкъабеара вайна «шабашник», кхечу  меттигашка «шабашке воьду» боху кхетам. Ткъа промышленностах дерг аьлча, г1алахь ерш оборонан маь1на долуш ю, бохуш вайнах аьттехьа а ца буьтура. Иза хьалхарчу рог1ехь мехкадаьттанах г1уллакх даран комплексах а, «Красный молот» заводах а хьакхалуш дара, т1ом хилале хьалха цигахь белхаш беш нохчий хилла хиллехь а. Дика дагадог1у, х1етахь химин заводехь болх бан нохчи д1аэцнийла хиъча, Бух1ан-Юьртара кегий нах цецбийлар. Цара хьесапе ца оьцура и к1ант, да т1еман ветеран хилар бахьанехь, цига д1аэцна хилар, царна коьртаниг дара сел йоккхачу заводехь дуьххьарлера нохчи болх бан волавалар.

Иттаннаш, б1еннаш дара х1етахь иштта масалш. Шайна дуьхьал х1иттош йолу 1аламат яккхий дуьхьалонаш эша а еш, бакъ-харц шайн ярташка юха а боьрзуш, д1атарбелира нах масех шарахь. Меттах1иттийра кхойтта шарахь куьг тохаза лаьттина г1ишлош, ц1инйира   х1усамаш. Евзар йоцуш хийцаелира ярташ. Лакхабелира сий-ларам. Вайн адамаш х1ора аьхка республикал арахьа белхаш бан д1аэхар бахьанехь ч1аг1ъелира кхечу къаьмнийн векалшца йолу вайн юкъаметтигаш, шоръелира вовшашца йолу уьйраш. Т1аьххьарчу чоьтехь нохчи вуйла хиъча, тоам беш зама а еара цуьнан дашах тешархьама.

Дицдала, дицдан йиш яц ишттаниг. Х1унда аьлча оцу дерригено дерриге а дуьненна кхин цкъа а гайтира нохчийн халкъ стенна хьуьнаре ду, цуьнан доьналла, иза машар безаш хилар. Цундела тхан чкъуран дагалецамашкахь гуттаренна а буьсур бу аьлла хета и хиламаш. Д1аоьхур ду шераш. Дуьнен чуьра д1абевр бу цуьнан тешаш хилла лаьттинарш. Амма довр дац оцу хиламийн маь1на.

Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: