Нохчийчохь а, цул арахьа а дика вевзачу поэтан, журналистан Хасбулатов Ямлиханан кху шарахь 80 шо дуьзна. Цуьнан юбилейна лерина даздарш дIадаьхьира Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь а, лакхарчу дешаран заведенешкахь а, школашкахь а, кхечанхьа а.
Иштта, хIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман музейхь а дIадаьхьира Хасбулатов Ямлиханна лерина цхьаьнакхетар. И вевзаш а, везаш а болчу кхоллараллин белхахоша дакъалецира цхьаьнакхетарехь: Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Яричев Iумара, яздархоша, журналисташа Джургаев Лом-Iелас, Исмаилов Абус, Дадаев Сайд-Хьасана, Газиева Азас, Нохч-ГIалгIайн культурин ветерана Имаев Тапас, иштта кхечара. Соьлжа-ГIалин Хьалха-Мартан школашкара 5-6-чуй классийн дешархой бара цхьаьнакхетаре баьхкина. Цара хазахетарца ладуьйгIира баккхийчеран къамелашка.
Могашалла ледара хилар бахьана долуш дIасавахар дац Я.Хасбулатовн. Амма иза дакъалоцуш вацахь а, цуьнан амал, кхолларалла йовзуьйтуш цIеначу даггара, довхачу дешнашца дийцира цунах лаьцна гулбеллачара.
– Нохчийн бакъволу къонах, журналистикин къано, къинхьегаман ветеран, похIме поэт ву Хасбулатов Ямлихан. Уггаре а суна де эшначохь дика накъост хилла ву иза. Ша телевиденехь болх бечу хенахь хьовсархошна дуккха а пайдехь дерг дийцина а, гайтина а ву, – элира Газиева Азас.
Дуккха а дийцира цхьаьнакхетарехь Я.Хасбулатовн кхоллараллин некъах а, шайн цунах йолчу ойланех а лаьцна. Цуьнан уггаре а гIараевллачарех байташ а йийшира.
Теша лаьа дешархошна гуттаренна а Хасбулатов Ямлиханан васт оцу кхоллараллин белхахоша ма-дийццара дагахь лаьттарг хиларх.
Хь.АВХАДОВА
№120, 27 октябрь, 2015 шо