Муьлххачу а берана дуьне, Iалам, Iилманаш, культура, истори, кхин дуккха а пайдехь дерг, диканиг довза долало школехь. ХIора адаман дахарехь ца хилча ца йолу, уггаре а самукъане хан ю школехь йоккхург.
Вайн республикера дукхах йолу школаш керла йина а, юхаметтахIиттийна а ю. ГIишлошъяран кхузаманан лехамашца йогIуш яцахь а, схьа ма-гинна, дегайовхо кхуллуш, хьалхалера зама дагайоуьйтуш ю Шелковски районан Сары-Сухь йолу юккъера школа. Кибарчигашна тIехула тоьхна кIайн кир а, корашна-неIаршна хьаькхна сийна басар а дагна тамехь хета. Самукъадоккху школи чоьхьаваьлча марадетталучу бераша а – цара гойту шайн гIиллакх. ГIиллакхе, схьаийна карайо школин коллектив а. Верриге а 35 хьехархо ву коллективехь. Уьш, дукхах берш, ногIий бу. Нохчийн меттан ши хьехархо а, ийманехь кхетош-кхиоран дIахьош волу цхьа хьехархо а нохчий бу, оьрсийн цхьа хьехархо а ю. Нохчийн Республикин хьакъволу 4 хьехархо ву кхузахь болх беш: Томанова Эмма, Атаева Насипхан, Байманбетова Кханибек, Оразманбетова Мадинат.
1970-чу шарахь йиллина ю Сары-Сура юккъера школа. Цул хьалха ворхIшеран, юха бархIшеран школа хилла иза. Таханлерчу школин гIишло 1957-чу шарахь йина ю. Карарчу хенахь школехь дешаран 15 кабинет а, компьютеран класс а, библиотека а, спортан зал а, медкабинет а, столови а ю. 340 бер ду школехь доьшуш, царех нийсса ах – ногIий. Царна лерина ногIийн меттан урок а хуьлу. Школин директор Елмамбетова Маржанат а, цуьнан дешаран декъехула йолу заместитель Эльгайтарова Болдубике а, юьххьанцарчу классашкахула йолу заместитель Евгайтарова Салухан а, кхетош-кхиоран балхехула йолу заместитель Даутова Зухра а, иштта кхиболу хьехархой а 30-40 итт шарахь школехь болх бина а, алссам зеделларг долуш а бу. Къинхьегаман 9 ветеран ву школехь. 2015-чу шарахь дIаяьхьначу ЕГЭ-н жамIашца республикин школийн хьехархошна совгIаташ даларна юкъавахана Сары-Сурчу юккъерчу школин 4 хьехархо: Муслимова Марзият (оьрсийн меттан, литературин хьехархо), Оразманбетова Мадинат (историн хьехархо), Томанова Эмма (математикин хьехархо), Кульчимаев Мурат (химин хьехархо). Иштта, х1ора шарахь республикехь вовшахтухучу конкурсашкахь дакъалоцуш, кхиамаш бохуш бу меттигера хьехархой. Районан дешаран дакъа кхиорна юьстах ца буьсу уьш цкъа а. Г1ишло тиша елахь а, хьелаш ледаро делахь а, берашна хаарш далар, уьш кхетош-кхиор хьакъ доллучу т1ег1анехь д1ахьо школехь. Цунна тоьшалла до кхузарчу бераша республикин а, районан а тайп-тайпанчу конкурсашкахь кхиамаш бахаро а, церан г1иллакхе хиларо а.
Хь.ШАМСУДИНОВ
№120, 27 октябрь, 2015 шо