Къоман культуран туш

НогIийн къоман культурин туш схьайиллина 1988-чу шарахь. Юьхьанца цуьнан куьйгалхо Эльгайтаров Сультук вара, Шелковски районерчу Махьмад – ХитIера вахархо. Райисполкоман гIишлон чохь дIатарйина яра и туш.

   Эльгайтаровс даккхий гIуллакхаш дира къоман культурин хазна Iалашъярехь. ХIетахь (1988–1990 шерашкахь) яьккхина яра ногIех лаьцна документальни фильм. Иза Нохчийн Республикин телестудин архивехь яра. Хууш ма-хиллара къинхьегамца баьхначу ногIийн даима а юьхьарлаьцна Iер-дахаран кеп даьхни лелор хилла. ГIиллакхаш, ламасташ ша тайпа долуш къам ду ногIий. Нохчийн Республикин культурин дакъа токхе до кхечу къаьмнийн культуро. Карарчу хенахь Сары-Сухь юьртан культурин цIийнахь дIатаръелла ю ногIийн къоман культурин туш.

   Оцу туьшахь хилира тхо. Иза къоман культурин туш хилла а ца Iа, цунах этнографин музей аьлча а харц хир дацара. Цуьнан директора Оракова Земфирас дукха хан яц и декхарш кхочушден. Тхоьца къамел хилира цуьнан а, ткъа иштта культурин ц1ийнан директоран Хабибулина Румиян а.

Культурин цIийнера ток дIаяьккхина бутт сов хан яра. (Иза токах декхар хьаьрчича яьккхина бохура цара). Куц хаза, амма шийла гIайре санна дара цIа. Оцу хьолехь а шайн болх юкъара ца боккхуш къахьоьгуш бара культурин белхахой.

Ала деза культурин туьшахь тахана мел болу бахам иза цуьнан хьалха директор хиллачу Тантагарова Зухра-Ханумас вовшахтоьхна хилар.

Къоман духарш, кечлуш тIеухкуш йолу зударийн детин хIуманаш (пхьаьрсах духку хIазарш, доьхканаш, туьдаргаш, мухIарш). Хьалха заманахь  зударша дина истангаш, зударийн аьхкенан а, Iаьнан а духарш, йоI маре йоьдучу хенахь совгIатна кечдеш хилла тIорказ, кIадеш. НогIий четарша чохь баьхна хьалха, хIунда аьлча даьхни дажош дика меттигаш йол-йолчухула лелла уьш, даьхница, латтаца карийна царна шайн рицкъ. Цундела хIокху туьшахь хIоттийна сурт а ду, ширачу ногIийн четаран сурт. Шайн дай муха баьхна хаа луучу кегийрхошна пайдехь гайтам бу вовшахтоьхнарг. Зуда ялоран, нуц ваийтаран, ловзаран, тезетан и.д1.кх. шайн-шайн ламасташ ду.

«Нохчийн къоман санна ногIийн а ду тайпанаш. Царех тамги олу цара. Уьш  40  ду церан.

Вовшашна гIодаран кепах белхех – малкха олу цара.

Даьхни лелош а, хIусам еш а, Iай тIарг1а къажбеш а, цунах бедарш юцуш а, истангаш деш а зударий цхьаьнакхетий эшарш лоькхуш Iаш хилла.

НогIий бусалба бу, цундела церан доьзалехь долу гIиллакхаш  оьзда ду. Масала, ногIийн несан бакъо яц шен марвежаршна шен аз хазийта. ЙоI маре яхна дуьххьара ден цIа еача дас уьстагI боь. Цуьнан тоьлла дакъа шури чохь кхехкадой доьуьйту, уьстагIан ах талх дIайохьуьйту иза шен марзахойн цIа дIайоьдуш» – иштта хIокху кепара чулацаме къамел дира тхо даьхкина аьлла хезна еанчу туьшан директор лаьттинчу Зухра-Ханумас.

ДIаяхначу заманахь лелийначу хIора хIуманах лаьцна дийца дуккха а хуьлу церан.

Туьшарчу гайтамехь йолчу альбомах бIаьрг кхийтира тхан. Иза куьйга йина яра, тIера мужалт – кIадех. Цу тIехь ногIийн кхоллам бовзуьйту шира суьрташ дара. Масала, зуда маре юьгуш ю. Эмкал дIайоьжна ворда ю цунна тIе даьккхина нускал, вордана тIаьхьа тесна буьгуш етт бу, иза оцу йоьIан дас-нанас цунна делла совгIат ду, ткъа ворданахь йоIана гулдина тIорказ ду, чохь кIади, бохча, зударийн дато хIуманаш йолуш.

Тойнехь шайн ногIийн къоман кхача, куралэ олу цунах, кечбо лаьтта бухахь уьстагI боттуш.

Эмкалийн меттана х1инца машенаш юкъаевлла, амма куралэ хIинца а кечъеш ю. Оха хаьттира иза муха кечбо. УьстагI я Iахар чуьра чуо-куо дIайоккхий, туьха, бурч хьорсий, берамах булуьйту.

Лаьттах ор доккху, 1 метр деха, 1 метр кIорга. Ор чохь 3,5–4 сохьтехь дечиг дагадо (нажан, акказин), уьстагIан талх лоьмах я аьчкан г1ирсах тосий, оцу ор чу дIауллу алу схьаэцна хуьлу, ор чохь йовха хуьлу, гуонахара пенаш а дохделла долуш. УьстагI дечиган овкъарх ца хьакхаболуьйтуш дIаоьллина хуьлу. ТIаккха оцу ор тIе сихха аьчкан негIар туху, цу тIе хьокху ор доккхуш схьадаьккхина латта. Боттуш берг уьстагI белахь 1 сохьтехь, 30 минотехь, ткъа Iахар 1 сохьтехь буьту. Цул тIаьхьа латта дIасахьокхий хьаладоккху жижиг. Иза багахь дешаш, даьIахкех атта схьакъаьсташ кIеда, чомехь  хуьлу. Хьаша веача кечйо куралэ.

Нохчийн Республикехь мел хуьлучу даздаршкахь, гайтамашкахь, цул сов луларчу республикашкахь а жигара дакъа лоцу Сары-Сухь йолчу культурин туьшо.

НогIийн хербелла бац шайн къоман ламастех, гIиллакхех.

З.ЦЕНТАРОЕВА

 №120, 27 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: