Шелковски районерчу ног1ашна евзаш ю Соьлжа-ГIала деша а, яха а охьаеана Саитова Марта. ХIинца-м иза пачхьенехь а евзаш ю хьекъале, оьзда, тешаме накъост, дика говзанча, журналист санна.
Шелковски районерчу Старогладовскехь 1989-чу шеран март баттахь дуьненчу яьлла Марта. Шайн юьртара школа 2006-чу шарахь дашочу мидалца чекхъяькхина, Соьлжа-ГIала схьаеара иза, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан «журналистика» отделене деша яха. 2011-чу шарахь цIечу дипломца чекхйоккху цо иза.
Школехь дуьйна а шайн районан «Терская Новь» газетан агIонашкахь зорбане юьйлура цуьнан байташ, дийцарш. Нохчийчоьнан Журналистийн союзо диплом делира цунна уггаре а къона журналист санна билгалйоккхуш. «Молодежная смена», «Грозненский рабочий», «Вести Республики» газетийн агIонашкахь зорбане йохура цуьнан байташ.
Иштта юкъараллин дахаран жигархо а хуьлу иза. 2006-чу шарахь «Рамзан» клубан декъашхо, цул тIаьхьа Шелковски районан цIарах Кегийрхойн Парламентан депутат хуьлу. Университетехь доьшучу хенахь Москвахь «Новые известия» газетехь практикехь хилла иза. 2010-чу шарахь дуьйна а «Вайнах» телерадиокомпанин редактор ю Марта. Iуьйренан «Къоман колорит» передачин автор ю иза. Нохчийн Республикехь дехачу къаьмнийн исторех, культурех лаьцна дуьйцу цо оцу передачехь. 2010-чу шарахь университетан командина юкъахь студентийн дуьненаюкъарчу «Дуьненаюкъара пачхьалкхан политика» конкурсехь толам баьккхира. Дика дешна яьлла студент 2011-чу шарахь балха кхайкхира ийманехь кхетош-кхиоран туьше. Оццу шарахь иза Швецин пачхьене Стокгольме стажировке хьажайо университетан студентийн тобан куьйгалхо санна.
2012-чу шарахь иза балха кхойкху Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешна зIе латторан департаменте. Карарчу хенахь а оцу департаментехь коьртачу говзанчан декхарш кхочушдеш ю иза.
2012-чу шарахь Мартин аьтто хилира вайн республикерчу къаьмнийн къоначу векалийн Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанаца хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалаца. НогIийн кегийрхойн проблемаш а, сатийсамаш а бовзийтира цо. Циггахь дехар дира Сары-Сухь «Степные богатыри» аьлла паргIатчу кепара охьатохархлатарехула турнир яйтар доьхуш. Къобалдира Мартин дехар. Куьйгалхочо грант ялийтира оцу гIуллакхна. Массех республикерчу спортсменаша дакъа а лоцуш хилира и турнир. 2014-чу шарахь Саитова Мартас Ерригроссин «Многоликая Россия» журналистийн конкурсана кечйинчу «Цхьа мохк – цхьа кхоллам» передачо 2-гIа меттиг яьккхира.
СаитовгIеран доьзал шина къоман къаьмнийн векалех лаьтташ бу. Да Саитов СараIела – ногIий ву, нана Светлана – гIумкий ю.
Шен мукъачу хенахь байташ, дийцарш яздо цо, уьш вайн республикерчу зорбанан хаамийн гIирсашкахь ара а йовлу цуьнан. Хилар а, йовзар а юьхькIам болуш, ийманехь, оьздангаллах, гIиллакхех, къинхетамах юьзна ю Марта. Шен хиллачу кхиамашка корта айбина кхаьчна иза. Цундела иза езаш а, лоруш а ю ша схьаяьллачу юьртахь а, доьзалехь а, балхахь а. Кхуьуш йоI ю цуьнан. Ткъа йоьIан да Зеламха – нохчи ву, вайн республикин бакъонаш ларъяран органашкахо къахьоьгуш. Иштта дика дош ду Мартех ала. Ткъа кхана иза евзар ю ша дагалаьцначу даккхийчу гIуллакхашца. Iалашонаш яккхий ю цуьнан, уьш ерриге а шен юьртана, республикина, шен гергарчу нахана диканиг лууш юьхьарлаьцна а ю.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: М.Саитова
№120, 27 октябрь, 2015 шо