ХIора къомах цхьа нах бовлу шайн къоман хIума «малхе» доккхуш, иза дуьненна а довзийта лууш, цуьнан селхане толлуш, кхане ларъеш. Царна атта а ца хуьлу кху дуьненчохь баха. Наха дуьненан бахам лохучу хенахь и тайпа адамаш кехаташ, архиваш кегош бехаш хуьлу. Амма уьш шайн къомана, дегIана тIум санна, оьшуш нах бу. Ишттачарех ю ногIийн къоман Культурин туш шен куьйга вовшахтоьхна, оцу туьшан директор лаьттина йолу Тангатарова Зухра-Ханум. Нохчийн Республикехь ногIийн къоман культура кхиош ерг санна евза иза. Хууш ма-хиллара вайн республикехь вехаш 4 500 ногIи ву. Шелковски районерчу Сары-Сухь беха царех дукхах берш.
Цигарчу юьртан куьлтурин цIийнах дIатарйина ю культурин туш а. Карарчу хенахь пенсехь ю цуьнан директор лаьттина Зухра-Ханум. Амма иза йицйойла дац. Шех лаьцна дийца хьакъ ю иза. Соьлжа-ГIалахь хьехархойн училище чекхъяьккхира цо 1973-чу шарахь. Ша дешначу школе пионервожати балха яхара, цул тIаьхьа юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бира. Жимачохь дуьйна а бедарш тегар дукхадезаш йолу иза шайн юьртарчу берийн беша методистан балха кхайкхира. Цигахь цо шайн къоман бедарш, тайнигаш йора, берашна Iама а дора тега. Нахана хазахетара иза. Массарна а гуш дара Зухра похIма долуш хилар а, и саннарг берийн бешахь методист хилла Iен езаш цахилар а. НогIий шатайпа исбаьхьа Iадаташ, ламасташ долуш къам ду, ткъа оцу ша-тайпаналлина юкъара уггаре а хаза амал оьздангалла ю. И дерриг цхьаьна метте гулдина, культурин, историн гайтам, культурин туш хила езар замано лоьхура. Зухрас вовшатоха йолийра шайн къоман культурин, историн архиваш. Iер-дахаран, къинхьегаман сурт гойту коьчалаш. Цо альбом вовшахтуху ногIийн къоман исторех лаьцна, ногIий Нохчийн Республике нисбаларх лаьцна, ткъа иштта къоман тоьллачу векалх лаьцна очеркаш гулйо.
2003-чу шарахь Шелковски районерчу Махьмад-ХитIе юьртахь клуб схьайоьллуче веара Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Зухрас цигахь кечбинчу гайтаме яьхьнера шайн къоман духаршца лелош йолу зударийн дато хIуманаш. Уьш дукха шира яра, хьалха заманахь баьхначу пхьераша йина. И белхаш хиларх а, уьш Iалашбина кху дийне схьакхаьчна хиларх а воккхавера Ахьмад-Хьаьжа. Цул тIаьхьа, 2003-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь Х.Нурадиловн цIарахчу драматически театрехь вайн республикерчу культурин туьшаша гайтам вовшахтуьйхира. Цигахь юха а гира Зухрас куьйгалла деш вовшахтоьхна гайтам.
2008-чу шарахь 5-чу октябрехь театральни-концертни залехь, къоман культурин туьшаша дакъа а лоцуш, даздарш дара Соьлжа-ГIалин Денна лерина дIахьош. Цигахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана машен а, ахчанан совгIат а дира НогIийн къоман культурин туьшана. Республикехь мел хуьлучу даздаршкахь дакъалоцура туьшан белхахоша. Боккха юьхькIам хуьлий дIадоьрзура цара гайтамехь дакъалацар.
Тантагарова Зухра доьзалан дика нана ю, бусалба дог-ойланца, шайн къоман гIиллакхехь 5 доьзалхо: 4 йоI а, 1 кIант а кхиийна цо. Гульжан, Эльза, Алия, Света марехь, шайн доьзалшца бехаш бу, кIентан Рустаман а 4 бер ду.
«Со ехаш ю, берийн 14 бераш ду сан. Со Далла хастам беш ехаш а ю» – элира цо.
Зухра санна патриот хила веза массо а шен махкан, халкъал. Пенсехь хиларх юьстаха ца Iа иза юкъараллин дахарна.
Йоккха хазна ю цо ногIийн къоман культурехь а, иэсехь а юьтуш ерг.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь:
Тантагарова Зухра-Ханум
№120, 27 октябрь, 2015 шо