Республикин куьйгалло хаддаза боккха тидам тIебохуьйту республикин некъашкахь дIасалеларан бакъенаш машенийн шофершка ян ма-еззара кхочушъяйтарна а, къепе ларъяйтарна а. Хаддаза дIахьо рейдаш, кхеторан болх. Оцо шен дика тIаьхьенаш а ло.
Республикин некъашкахь долу хьал тоделлехь а, кхул т1аьхьа а дIахьур ю дIасалеларан бакъеш талхош берш гучубахаран рейдаш. Инстаграмехь йолчу шен агIон тIехь цунах лаьцна хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана
«Деш долчу гIуллакхаша дикка хийцина республикин некъашкахь долу хьал. Лахделла авареш хилар а, нах кхалхар а. Амма оцу декъехь деш долу гIуллакхаш лахдан а, кхочушдинчух тоам бина, совца а ойла йолуш дац вай», – билгалдаьккхира цо.
Республикин Куьйгалхочо иштта хаам бира Аргун гIалахь бакъенаш талхош берш гучубахаран рейдаш кхиам болуш хилар. «Грозный» ППСП-н полицин подполковника Байсултанов Юсупа куьйгалла дечу батальонан 100 сов белхахочо Аргун гIалахь дIахьо бакъенаш кIоршаме талхош берш гучубахаран рейдаш. Кхузахь цхьана дийнахь-бусий саца а йина, гIуданан майдана дIахIоттийра 150 сов машен», – яздина цо.
Кхузахь зуламаш деш террористаш хилар бахьана долуш хьалха Аргун вайн республикехь чIогIа кхераме меттиг лоруш яра, билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
«Тахана Аргун кхузаманахьлера, дуккха а паркаш а, сквераш а, махлелоран-самукъадаккхаран комплексаш а йолуш, кхуьуш йолу гIала ю. Аргунна юккъехь ду дуьненахь а уггаре а хаза «Ненан дог» маьждиг, лекха «Аргун-Сити-1», «Аргун-Сити-2» комплексаш», – билгалдаьккхира цо.
Республикин Куьйгалхочо иштта хаам бира кIирандийнахь ша Аргун гIалин ГОВД-н белхахошца а, Нохчийн Республикин МВД-н тайп-тайпанчу дакъошкарчу белхахойх вовшахтоьхначу ротица а цхьаьнакхетта хиларх лаьцна.
«Царна хьалхахIоттийна гIалахь хила еза къепе хIотторна кхачояран декхар, наркотикаш яржор дIадаккхар, вахабизман идеологи яржор ца хилийтарехьа болх бар. Тахана ГОВД-на елла керла леррина йолу техника», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Дика хир дара некъашкахь дIасалеларан бакъенаш талхош берш а, автохулиганаш а совцоран болх Соьлжа-ГIалахь а, ерриге а республикехь а иштта жигарабаьккхича.
С.ЛАЛАЕВ
№120, 27 октябрь, 2015 шо