СоьлжагIалахошна керла хIусамаш лур ю

Карара шо чекхдалале Соьлжа-ГIаларчу тIек1елдинчу тишделлачу цIеношкарчу 556 вахархочунна керла хIусамаш лур ю. Цу декъехь болу белхаш дIахьош бу Россин Федерацин Президентан Нохчийчуьрчу тишачу, ширачу хIусамашкара бахархой керлачу цIенош чу кхалхоран хьокъехь долу тIедиллар кхочушдеш.

  Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман министерствон гIишлошъяран департаментан директоран заместитела Ибрагимова Алисас дийцарехь, пачхьалкхан куьйгалхочун тIедиллар кхочушдархьама республикехь т1еэцна «Нохчийн Республикерчу тишачу хIусамашкара бахархой 2013-2017-чуй шерашкахь керлачу цIенош чу кхалхор» цIе йолу леррина программа ю. «Оцу программин 2013-2014-чуй шерийн мур кхочушбаран декъехь 17,467 квадратан метр йолуш, 13 тIекелдина цIа дина Соьлжа-ГIалахь. 2014-чу шарахь тишачу хIусамашкара бахархой дIакхалхоран декхар буьззинчу  барамехь кхочушдина:  тишачу 50 ц1а чуьрачу 1056 вахархочунна (218 доьзал) керла хIусамаш елла», – дийцира цо.

Иштта, А.Ибрагимовас хаам бира карарчу хенахь Соьлжа-ГIалахь деш  тIекелдина 3 цIа хиларан  хьокъехь. Цу цIенош чохь йолу петарш дIалур ю пачхьенехь долчу тишачу  30 ц1а чуьрчу бахархошна. 80 процентана сов дина девлла и цIенош, карара шо чекхдалале кийча хила дезаш а ду. Дина девллачул тIаьхьа, 556 вахархочунна хIусамаш  лур ю царна чохь.

Лакхахь билгалъяьккхинчу программин 2015-2016-чуй шерийн мур кхочушбаран декъехь дагалаьцна ду Нохчийн Республикерчу Хьалха-Мартан а, Теркан а районашкарчу а, Соьлжа-ГIаларчу а  тишачу хIусамашкарчу (дерриге а 14 аварийни цIа) бахархошна керла хIусамаш яр. И мур кхочушбича, Нохчийчоьнан 1097 вахархочунна (247 доьзал) керла хIусам хир ю. Карарчу хенахь царна тIекелдина цIенош дарна кечамбаран-проектан белхаш бу дIахьош.

А.ХАСБУЛАТОВА

 №120, 27 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: