Нохчийчоьнан Куьйгалхо кегийрхошца цхьаьнакхийтира

Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионерчу кегийрхойн организацийн векалшца. Цигахь дийцаре дира тIекхуьу къона чкъор кхетош-кхиор, дешар, иштта кхидолу лазаме гIуллакхаш. Цхьаьнакхетарехь билгалъяьккхина коьрта тема яра экстремизман, терроризман идеологина дуьхьало яр.700ht_Ram

   Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира «Иблисан пачхьалкхана», кхийолу террористийн организацешна юкъа вайн кегийрхой дIаэхар дIадаьлла ала мегарг хилар а, ткъа иштта иза республикин куьйгаллин а, юкъараллин а, Iеламнехан а, бакъонаш ларъяран органийн а, кегийрхойн организацийн а кхиам хилар а.

– Россин кхечу регионашца дуьстича официальни хаамаша гойту Нохчийчуьра бахархой «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацина юкъахь уггаре а кIезиг хилар. Иза вай массара а бечу белхан кхиам бу. Экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало ярехь дуккха а гIуллакхаш дина вай. Цхьана а хIуманна бехке доцчу адамашна даккхий зуламаш до террористаша. Бусалба динца догIуш цхьа хIума дац цаьрца. Хазахета вайн махкахой цунах дика кхеташ болуш а, иштта оцу зуламхошна дуьхьало ярехь регионан куьйгаллина накъосталла деш болуш а, – дийцира Кадыров Рамзана.

Цхьаьнакхетар дIахьош регионан Куьйгалхочо кегийрхошца бийцаре бира кхидIа бан лерина белхаш. Циггахь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира белхаш кхин а лакхарчу тIегIанехь дIабахьа безаш хилар.

ХIунда аьлча терроризман а, экстремизман а идеологаша хIинца а сацийна бац кегийрхой Iехоран, уьш харц некъа тIе ийзоран болх. Къаьсттина жигарадаьхна цара интернетан тайп-тайпанчу сайташкахь шайн машанаш бозар. Дукха хаздеш дуьйцу цара «джихадах» дерг. Царна хаьа кегийрхой муха Iехо беза. Делахь-хIета, вай а, оццу интернетах шуьйрра пайда а оьцуш, дIадахьа деза церан харцонаш, зуламаш, питанаш Iорадохуш долу гIуллакхаш. Иштта декхарш хIиттадо Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Iедалан органашна а, юкъараллина а хьалха.

 

Р.РАМЗАНОВ

 №120, 27 октябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: