Билгалдаьккхира Парламентан спикера рогIерчу кхеташонехь
РогIерчу, 63-чу кхеташонехь, Нохчийн Республикин Парламентехь дийцаре дира цхьамогIа мехала гIуллакхаш. Царна юкъахь дара тIекхуьу къона тIаьхье ийманехь, оьзда кхиоран хьокъехь долу гIуллакх а. Кхеташо дIахьош волчу Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира вайн республикина кегийрхой ийманехь, оьзда, гIиллакхе, Даймахкана муьтIахь кхиор Iаламат доккхачу маьIне хилар.
– Вай кест-кеста могIарерчу нахаца къамелаш деш, цаьрца цхьаьнакхеташ хила деза. Царна хIун лаьа, церан хIун лазамаш, дехарш ду хьовсуш хила деза. Вайна мехала ду Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш Нохчийчохь хуьлуш болчу дикачу хиламийн, хийцамийн хьокъехь бахархошна муха-хIун хета хаар. ХIокху муьрехь маггане а мегар дац бахархошна юкъахь дIахьош болу кхеторан болх малбан», – бохура цо.
Даудов Мохьмада къаьсттина тидам тIебахийтира «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна вайн кегийрхой юкъабахаран проблемина. Цо аьлла а ма-хиллара, цхьаболчу кегийрхошна хаъане а ца хаьа Шемахь, Иракехь берг хIун тIом бу. Уьш кхеташ бац шаьш лелочух, шаьш дечух. Шаьш стенга доьлху а, хIунда доьлху а ца хаьа царна.
– Кегийрхой Iехош, тилош ерг интернет ю, цигахь беш болу харц кхайкхамаш а, хьехамаш а бу. Цхьаболу кегийрхой, ойла а ца еш, экстремизман а, терроризман а харц идеологийн Iаткъамна кIела боьлху. Оцу хьелашкахь вайн коьрта декхар ду кегийрхошна бакъ-харц довзийтар, Шемахь хуьлуш долчух уьш кхетор. Цигахь беш берг бусалба дин толо гIерташ тIом цахилар дIахаийтар, – элира Парламентан спикера.
Шен къамелехь Даудов Мохьмада иштта депутатийн тидам тIебахийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даима а дуьйцуш долчу гIуллакхана – къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе, Даймахкана муьтIахь кхетош-кхиорна, кегийрхошна къоман гIиллакхаш, дайн Iадаташ довзийтарна. И мехаллаш кегийрхошкахь кхетош-кхиор парламентарийн а декхар хилла дIахIотта дезаш хилар билгалдаьккхира М.Даудовс.
Кхеташонан дакъалацархоша къобалдира Парламентан Председателан къамел. Цара тIелецира къона тIаьхье кхетош-кхиоран болх кхин а жигарабаккха, цаьрца ярташкахь, гIаланашкахь, предприятешкахь, организацешкахь кест-кеста цхьаьнакхетарш дIадахьа.
С.ХАСАНОВ
№120, 27 октябрь, 2015 шо