Индонезин хьаннашкахь цIерш евлла. Уьш ярташна герга кхаьчна. ЦIеяйъархойн цкъачунна ницкъ ца кхочу цIерш яйъа. Оцу бохамехь 17 стаг кхелхина.
***
Шеман Iедалан эскарша хIокху деношкахь хIаллаквина «Джабхат-ан-Нусри» гIеранан куьйгалхо а, иттех тIемало а.
***
Таиландехь хаьрцина туристаш тIехь болу ши гIат долу автобус. Цу тIехь хиллачу пассажирех бархI кхелхина, ткъех стаг лазийна.
***
Россин тIеман кеманаша а, вертолеташа а денна дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш йолчу меттигашка а, герзаш 1алашдечу складашна а бомбанаш, ракеташ еттар.
***
Дамаскехь Шеман Президентаца Башар Асадца цхьаьнакхийтира Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ. Цара дийцаре дира оцу махкахь долу хьал тодаран некъаш.
***
Индин малхбалехь некъан-транспортан бохам хилла. Лаьмнийн некъаца йогIуш йолу пассажирийн автобус Iинах яхана. Цу тIехь хиллачу пассажирех бархI стаг кхелхина.
***
ОвгIанан Iедалан эскарша тIаьхьарчу дийнахь-бусий талибашна юкъара лаххара а ши бIе стаг хIаллаквина.
***
США-н тIеман еза техника ю Эстоне схьайохьуш. Царна юкъахь танкаш а, бронетранспортераш а ю.
***
Оппозицин митинг дIасалоллуш Черногорехь полицис пайдаийцира хи тухучу машенех а, бIаьрг белхочу газах а. Цигахь 40 сов стаг лазийна.
***
Таджикистанан юьртан бахам кхиоран 7,5 миллион доллар дала дагахь ду Японин Iедал. Цунах шайна доккха гIо-накъосталла хирг хилар дIахаийтина Таджикистанан Iедало.
***
Мигранташца доьзна долу хьал дийцаре деш ю Евросоюза юккъе йогIуш йолу пачхьалкхаш. Амма цкъачунна уьш совцо некъ ца карабо царна.
***
2016-чу шарахь къоман кхерамазаллин хьашташна Россин бюджетехь билгалдинарг 3 триллион сом сов ду.
***
Россехь тIеттIа лахлуш бу инфляцин барам. ТIедогIучу шарахь иза итт процентал дикка лахара хир бу. Оцо гойту экономика меллаша кхиаран новкъа йолуш хилар.
№120, 27 октябрь, 2015 шо