«2014-чу шарна а, планан 2015-чуй, 2016-чуй шерийн муьрана а йолчу федеральни бюджетан хьокъехь» долчу 2013-чу шеран 2-чу декабрехьлерчу №349-Ф3 йолчу Федеральни законца нийса а догIуш, тIедогIучу 2014-чу шарахь ноналлин капиталан барам 5 процентана алсамбаьлла, иза 429 408 сом 50 кепек хир бу. Ноналлин капиталан цхьана декъах пайдаэцначеран бухадисинарг а шашаха алсамдер ду. Билгалдаккха деза инфляци кхиаран боларш хьесапе а оьцуш, ноналлин капиталан барам хIора шарахь алсамбоккхуш а, хьакъ доллучу финансийн шарна а, планан муьрана а йолчу федеральни бюджетан хьокъехь долчу Федеральни законо хIоттош а хилар.
«Бераш долчу доьзалийн пачхьалкхо гIолацаран кхитIе долчу гIуллакхийн хьокъехь» долу закон тIеэцчхьана ноналлин капитал 179,4 эзар соьмана алсамдаьлла.
Россин Пенсийн фондан Нохчийн Республикин отделенин пресс-служба