Цуьнан кхоллараллех ирс эцар хедар дац

6060

Октябран 29-гIа де Айдамиров Абузар вина де ду. Вайн къоман баккхийчеран чкъурах наггахь стаг хир вац и цIе ца евзаш. Карарчу шарахь ша яздархо воцуш уьттазлагIа билгалдоккху иза вина де – 2005-чу шарахь хилла цуьнан дIакхалхар. Зама йолу-кха – селхана долуш санна хета, Абузар вац аьлла, шийла кхаъ Нохчийчу баьржина де. Амма керл-керлачу чкъураша цуьнан кхоллараллех ирс эцар хедар дац. Ошаев Халидан «Брест – цIеран бIар» а, Мамакаев Мохьмадан «Даймехкан косташ» а, Гадаев Мохьмад-Селахьан «Даймахке сатийсар» а, Сулейманов Ахьмадан «Дахаран генаш» а, Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» а похIмечу яздархоша говза язйина исбаьхьаллин литературин хазнаш хилла ца Iара. Къоман иэс сема латтийтаре кхойкхуш, къам къам хилла дахийтаран Iалашонца, къоман бакъболчу воIарийн бIешерех чекхдийр долу мохь-орца а, весеташ а дара уьш. Литература царна шайн къомана гIуллакх даран, тайп-тайпанчу хьелашкахь цуьнан хьашташ кхочушдаран гIирс бен бацара. Уггаре а хьалха шаьш къоман верасаш хеташ а, халкъо иштта тIеэцна а къонахий бара уьш. А.Айдамиров уггаре а хьалха вевза шен романашца, повесташца, дийцаршца, амма   кхоллараллин некъан юьххьехь поэзин хьаьрмахь а къахьийгира Абузара. ХIетахь цо язйинчу байташна тIехь даьхна дуккха а иллеш ду. Уьш тахана а дезаш тIеоьцу ладогIархоша. Винчу денца Абузар дага а лоцуш, иллешка йирзина цуьнан масех стихотворени йовзуьйту оха шуна.

Винчу ломахь

 

Хьаннаш юккъехь ирзош охуш,

Текхош дечган шога нох, –

Буьйса дийнах къаста ца луш,

Кхузахь сан дай баьхна бах.

 

Хьоьжу тахна лома, ара,

Дагалоьцу яхна хан.

Дайша хьегна 1азап, бала

Хета хIинца ирча гIан.

 

Сийна бошмаш, керла бахам

Вайн аренийн доза дац,

Керла, ирсе, маьрша дахар, –

Вайн лаьмнашкахь бода бац.

 

Хазац тахна гIийла иллеш,

Къиза бала балхабеш,

Дека зевне керла иллеш,

Лаьмнийн дахар хестадеш,

 

Винчу лома хьоьжу тахна,

Доккхадеш дог деттало.

Лаьмнийн баххьаш серладаьхна,

ПаргIатонан зIаьнарш го.

 

Цара дохдо адмийн дегнаш,

Гойту сирла, нийса некъ.

Къаьмнийн барт бо, машар безарш

Даима тIе ийзабо.

 

Иштта ду со винчу ломахь:

Машар, беркат, паргIато,

Ала лаьа тахна доггах:

Сан халкъ, хьуна баркалла.

 

Воккхачу стеган илли

 

Сан коьрта тIехь мацах хилла

Iаьржа чIагарш хIинца яц,

Наггахь дисна чоьш къежделла –

Царах хьоьгуш меттиг бац.

 

Хено аьгна юьхь а хебна,

Когаш лаьтто ийзабо.

Амма дог сан, гаур яI и,

Жимчохь санна деттало.

 

Цуьнца бертахь сирла бIаьрса

Аьрха хьоьжу дуьнене.

Къинхьегам тIехь къоначаьрца

Къуьйсу цара йохьаллехь.

 

Амма и шиъ хIунда гIерта

Шайгахь доцчу гIуллакхе?

Новкъахь цхьа йоI дуьхьалкхетахь.

ТIаьхьа доьду, со вуьтий…

 

Маржа яI хьо, сирла бIаьрса,

Хан ца хууш догу дог!

Ма лехийша, Iаьржа бIаьргаш,

Цо шу чехош ла ца ло.

 

Аш ма леха, аш ма къийса

Гена яхна къона хан,

Цул, цIа дерзий, вай нийсаран

Сира корта хьаста вай…

 

 

Езачу йоIе

 

Хьох дуьххьара бIаьрг кхетча,

Йистхуьлу хезча,

Хьан озе ладоьгIуш,

Хьийжира хьоьга.

Iаьржачу, эсалчу

БIаьргаша хазчу

Даг чу цIе йиллира,

Хьаьжча хьо соьга.

 

Безаман цу цIаро

Ботту сан кийра.

Наб яйна, гIуьтту со

Хан йоцчу хенахь.

Ткъа хьуна-м ца хаьа

Сан кийра богий,

Дарбанна хьайгара

Хьайн безам оьший.

 

Хьан деган къайленаш,

Ойланаш еша-м

Ца хаьа, хьан хазчу

БIаьргаш чу хьежарх,

Буй-техьа хьан даг чохь

Кхечуьнга безам?

Юй-те хьо хIинццалца

Къастоза везарг?

Рубрика дIахьошверг – Хь.Аболханов

№121, эсаран беттан 29-г1а де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: