Къоначара шайн хьуьнарш гайтира

ХIокху деношкахь Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшахь дIаяьхьира берийн кхоллараллин республикин «Голос» конкурс. Иза вовшахтоьхнера оцу туьшо.IMG-20151023-WA0050

Цигахь дакъалецира районан а, гIалин а Берийн кхоллараллин цIеношкарчу а, туьшахь Iамош долчу а бераша. Цигахь дакъалаца таро хилира 7 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш йолчу берийн а, кхиазхойн а. Хенашка хьаьжжина 2 категорехь дIаяьхьира конкурс: цхьана категорехь – 7 шарера 13 шаре кхаччалц долу бераш дара, ткъа шолгIачу категорехь – 14 шарера 18 шаре кхаччалц долу бераш. Билгалъяьккхина конкурс шина номинацехь дIаяьхьира: «Халкъан илли», «Эстрадин илли».

ПохIма долу бераш къастор яра оцу конкурсан коьрта Iалашо. Жюрин декъашхой бара: Нохчийн Республикин халкъан артисташ Ясаев Мохьмад, Юнусова Малика, Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшан музыкальни куьйгалхо Руденко Марина.

Жюрин декъашхоша дакъалацархойн вокальни похIмин мах хадийна ца Iаш, сцени тIехь васт хIоттор а, постановка ша локхучу эшарца йогIуш хилар а, сцени тIехь леларан культура а коьрта лорура.

Жюрин декъашхоша конкурсан жамIаш деш, «Эстрадин илли» номинацехь 14 шарера 18 шаре кхаччалц болчу дакъалацархошна юкъахь Берийн а, кхиазхойн а кхолларалла кхиоран республикин туьшарчу Чираева Таинина елира хьалхара меттиг, шолгIа меттиг – Хьалха-Мартан районан Берийн кхоллараллин цIийнерчу Азиев Бекханна, кхоалгIа меттиг – Шелковски районерчу Кибличенко Дарьина.

Оццу номинацехь 7 шарера 13 шаре кхаччалц болчу дакъалацархошна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Заводской районан Берийн кхоллараллин цIийнарчу Сулейманова Хьавас, шолгIа меттиг – Старопромысловски районерчу Салтаева Тамилас, кхоалгIа меттиг – Шелан районерчу Берийн кхоллараллин цIийнарчу Пашаев Ризвана.

«Халкъан илли» номинацехь 14 шарера 18 шаре кхаччалц болчу дакъалацархошна юкъахь толамхо яра Старопромысловски районерчу Берийн кхоллараллин цIинахь Iамош йолу Билалова Радима. Оццу номинацехь шолгIа меттиг яьккхира Аргунерчу Берийн кхоллараллин туьшарчу Алиев Сулима, кхоалгIа меттиг – Веданан районерчу Этиева Танзилас. Оццу номинацехь 7 шарера 13 шаре кхаччалц болчу дакъалацархошна юкъахь толам баьккхира Хьалха-Мартан районерчу Берийн кхоллараллин цIийнахь Iамош йолчу Дашаева Динас, шолгIа меттиг – Курчалойн районерчу Абдурашидов Бислана, кхоалгIа меттиг – Ленински районерчу Берийн кхоллараллин цIийнарчу Мишаева Хьавас.

Толамхошна а, совгIатан меттигаш яьхначарна а дипломаш, мехала совгIаташ луш бирзира конкурсан болх.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: конкурсан дакъалацархой

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: