Iаламат дукха адам дара 24-чу октябрехь Соьлжа-ГIаларчу М.Ю. Лермонтовн цIарах йолчу оьрсийн драмин театран хьалха гулделла. Къона актер Хасанов Тимир-Булат вара шен дуьххьарлера сольни концерт луш. Иза балхана юкъара ца волуш Москва гIалахь йолчу искусствон Академехь доьшуш ву, актеран говзалла кхоччуш караерзо Iалашо лаьцна. Ткъа болх беш Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу нохчийн къоман театрехь ву.
КIезиг яц цо ловзийна ролаш. Юьхьанца «Серло» цIе йолчу Нохчийн Республикин пачхьалкхан кегирхойн театрехь болх беш вара жима стаг. Амма цкъа а цхьана балхах тоам бина, Дала ца кхоош шена деллачу хьуьнаршна доза тухуш вац кIант . Тимир-Булат суьрташ дохуш ву. Цхьа наггахь сурт даккхар доцуш, кест-кеста дийнна фотосессеш йо цо. Уьш тIех дика а нисло. Нохчийн Республикин кегирхойн шуьйрачу гуонашна иллиалархо санна вевза къона актер. Даймахках, Iаламах, безамах ду цо дIаолу иллеш. Къаьсттина вайн мехкаршна товш ду уьш. Кест-кеста радиохь, телевиденехь цаьрга ладогIа аьтто хуьлу актеран корматалла езаш, цуьнан похIмин лаккхара мах хадош болчу ладогIархойн. Даима велавелла, векхавелла ву Хасанов Тимир-Булат, массаьрца тIекаре, гIиллакхе ву. Сольни концерт дIайолалуш иза мелла а синтем боьхна, сагатдеш хийтира.
Делахь а масех илли дIааьллачул тIаьхьа ийзавалар дIадаьлла, хецна дIаяьхьира цо шен дуьххьарлера сольни концерт. Алссам керла иллеш дийкира цигахь. Хьовсархоша хазахеташ тIеийцира нохчийн эстрадин классика хилла дIахIиттина иллеш цо карладахар а. Нохчийн эстрадин гIарадевлла «седарчий» дара къоначу иллиалархочун концертехь дакъалоцуш. Россин кхечу регионашкара баьхканчу хьешаша а гайтира шайн корматалла. Доцца аьлча самукъане суьйре дIаяьхьира Хасанов Тимир-Булатан сольни концерте баьхкинчара. Гуш дара къона актер хаддаза шена тIехь къахьоьгуш хилар а, цуьнан корматалла дикка шаръелла хилар а. Вайна массарна а мерза кхаъ бу и тайпа похIме адамаш Нохчийчохь алссам хилар.
А.АРАПХАНОВА
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо