Премьер-лигин командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 13-чу туран матчехь кIирандийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шайн цIахь «Ахмат-Аренехь» тIеийцира Москвара ЦСКА. Хьалхарчу таймехь шина а командо тIахъаьлла ловзар гайтира, амма цхьаьннан а аьтто ца белира толаме кхача.
Хьалхарчу миноташкахь дуьйна шен тIахьаьлла ловзарца билгалваьллера Садаев Заур, амма ЦСКА-н вратарь И.Акинфеев сема хилар бахьана долуш, цуьнан шен Iалашоне ца кхочийла ца хилира.
ШолгIачу таймехь а цхьаьннан а аьтто ца белира табло тIе шен цIе язъяйта.
Цу тайппана шина командо очкош йийкъира.
ЦСКА (33 очко) Премьер-лигин турнирни таблицехь хьалхарчу меттехь йисира, ткъа «Терек» (20 очко) 6-чу меттехь ю.
РогIерчу турехь 2-чу ноябрехь «Терек» хьошалгIахь ловзур ю Перьмерчу «Амкарца».
А.ТУРШИЕВ
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо