Синкъерам

Нагахь санна нохчийн къомера дуьненна а хьалха дозалла дан йиш йолуш цхьа хIума даьллехь, хьалхарчу декъана, иза синкъерам лара безар бу. Тахана халкъ а хилла, доьхна, даьржина долу вай, юха, ша  хьалха  ма-хиллара, къам  хилла дIахIуттург хиларх а, цIена синкъерам цу тIехь вайна  ницкъ болу гIортор хилла дIахIуттург  хиларх а дог теша. Синкъерамца  догIуш долчу гIиллакхийн  хаза а, дика а агIонаш Iамош, толлуш, уьш тIийрига тIе  туьйсу  суьлхьанаш санна, схьагулдан деза. ТIаккха ала йиш хир яра-кх: хьалха санна, къам хилла дIахIоьттина  вайниг.

 

Юха а билгалдаккха лаьа: синкъерам  дуьненна а хьалха вай  дозалла дан догIуш  йолу институт ю. ХIунда аьлча, кхечу  къаьмнашна  шаьш  цивилизацин лакхене  кхаьчна моттахь а, и  санна  йолчу лакхене  уьш хIинца а кхаьчна бац. Цуьнан баккъал а болчу чулацаман а, цуьнан оьздангаллин а маьIнех шаьш кхетча, кханене сатуьйсуш долчу дуьненарчу дерриге а къаьмнийн векалш,  «иза  шайн-шайна  ца хилча  ца  болу»  бохуш, цуьнан гIиллакхаш Iамо  гIерташ, вай  долчу «хьовса» оьхур бара.

Доцца аьлча, синкъерам, шен диканиг-вуониг зуьйш, цецах чекхдоккхуш, толлуш, шен оьздангаллин терхашца нисъеш, нохчийн къомо  кхоьллина Iаламат мехала институт ю. Дайшкара вайга кхаьчна  кхин хIумма а  ца хилча а, и цхьаъ а тоьар дара  вайна юьхькIайн хила а, кортош  айъина дуьнен чохь лела а. Кхечу къаьмнийн иза  цахиларе  хьаьжча-м муххале а, вайн дайшкара доккха хьуьнар  оьшуш хIума хилла иза. Гуттар доккха хIума ду иза, дуьненан юкъарчу хьоле диллича, кхечанхьа и саннарг цахилар  дагалаьцча: йоьIан аьтто бар; дуккха а кегий  нах  бовзийтар; тIехьийзорца, царах  цхьаъ  къасто аьтто баккхар; цуьнца шен  дахаран некъ дIаболор.

Нохчийн йоIана а, кIантана а вовший довза а, самукъадаккха а (тIехьийзаран юкъаметтиг дIакхехьа) ворхI  тIегIа ду къастийна. ЙоIа  цхьа бахьана,  цхьа некъ ца белча, кIентан  йиш ца  хилла  юкъаметтиг лакхарчу тIегIан  тIе  яккха. Масала, дуьххьарлерчу тIегIан тIера, дукха хьолахь, дIадолалуш хилла цу  шиннан довзар. Хьешан цIарах сакъерар ду иза. Синкъерамехь а доцуш, кхечанхьа кIанта шен  безам йоIе дIакховдор вайн дайшлахь дукха чIогIа даьсса  хIума лоруш хилла, и шиъ берахь дуьйна  цхьаьна хьалакхиънехь а.

Хьалхара тIегIа, вай лакхахь ма-аллара, йоIера хьешан цIарах сакъера пурба даккхар ду, уьш цхьана юьртара-м хьовха, кевнах ков а хIоттаделла, бехаш белахь а. Делахь а коьртаниг кхечу  маьIница ду кхузахь. ЙоI я кIант  хьошалгIа дахча, царна лерина  синкъерам беш хилла, цу тIе, хьешана хьаша  кхачош ца хилла. ХIунда? ЙоIана я кIантана нах бовзаран гуо шорбан Iалашо йолуш. ЛадоьгIча, ойла йича, доккха маьIна Iуьллу  цунна бухахь! Хьешан цIарах цхьана буса къийрина шега  а  сакъийринчу кIанте  тIаккхахула мацца а, миччанхьа а вовшахкхеттачохь  йоIа  маршалла хаттахь,  кIантана а, гуонах болчарна а хаа хилла, йоIана цуьнца  долу  гергарло кIаргдан лууш хилар. Нагахь ца хаттахь, шен дагахь мелла а яккхий «гIаланаш» югIуш иза  хиллехь а, кIант юхавала  везаш хилла. Вайн дайша  зIакардохнан гIиллакхашха  лерина долу, йоIана лаахь а, ца лаахь а кIант, «тIам» хьоькхуш, гуонах хьийзачуьра дIа ца  валар кхечу, къаьсттина  евро-оьрсийн, гIиллакхашца вайна  юкъадаьржина ду. Гуттар вуониг: йоIа шен  гIуллакх  тIе ца лаьцча, кIанта  дегабаамаш бар, ша  санна волчу стагаца  хьогIе ваьлла  ца Iаш, иза а чIогIа  дастаме  хIума доллушехь, йоIаца  а, цуьнан нахаца  а хьагI лоцуш хилар.

ТIехьовзар синкъерамехь, белхех я ловзаргахь бен дIадоло йиш ца хиларе хьаьжча (нахана  гучохь, хезчохь, хуучохь), гучуйолу цу гIуллакхан кхин цхьа тIаьхье – кхечанхьа дагара  хаийтар осалчу  хIуманех лерина. ШолгIа-делахь, синкъерамехь хиллачу  довзаран тIаьхье  мухха хилахь а, гучудолу  цуьнан  ларам бар.

Дагалаца деза, вайн хIусамашкахь хьеший дукха латтарца, царна  синкъерамаш барца, йоьIан, кIентан  керла довзар, хIора  сарахь  бохург  санна,  хила тарлуш хилар. Аьллачунна  тIетухур вай, зуда ялоза волу хIора кIант мехкан нуц а, араялаза йолу хIора  йоI мехкан нус а  ларалуш хилла, хIунда аьлча, рицкъа мичахь, хьаьнца  нислур  ду  хууш дац. Дийца  ца оьшуш, гуш ду-кх мел хийцаделла, керчина  гIиллакхаш, мел дастаме  даьлла  ша адам а.

ЙоьIан лаам хиъначул тIаьхьа (синкъерамехь), тхьамданашкара пурба доккхий «дуьненан юкъара сакъорур ду» аьлла, дош доьхуш ша кIант я цуьнан накъост  вистхуьлуш хилла йоIе. Хьалхарчу тIегIан тIехь сакъоьручу хенахь  цу шиннан вовшашна хьалха, цхьа а тайпа  бохург  санна, декхар ца хиллехь, шолгIачу  тIегIан тIе юкъаметтиг яьлча, декхарш мелла  а совдовлуш хилла.

КхозлагIчу  тIегIанехь, шаьш цхьана юьртара делахь а, юьртахочун цIарах сакъоьрур ду олий, дош ло йоIа. Цигахь  декхарш кхин а  совдовлу. КIентан дегайовхо хьалайолу. Юкъаметтиг юьртахочун цIарах тIехьийзаре кхаьчча, шена бевза-безачу лулахошка а кхайкхина, йоIаца мелла а паргIат  вистхила  аьтто  болуш хилла кIентан.

ДоьалгIа тIегIа, «йогIур ю» аьлла,  дош далар; пхоьалгIа – хан йиллар, ялхалгIа – тешамна кара хIума ялар (карара йовлакх, лергара чIагарш, мухIар, и. дI. кх.);  ворхIалгIа – ара  яьн йолу де, хан билгалъяккхар. Хьалхарчу  кхаа тIегIанах гергарло чекхдаьллехь, йоьIан ойлане хьаьжжина важа тIегIанаш цалардар  бехке  лоруш ца хилла. Амма тIехьийзарца-тIехьийзорца гучудериг 7 тIегIа  долу  синкъераман гIишло  пирамидах  тера  хилар ду: бухара тIегIа – хьешан цIарах дош дукха  хила таро хилар; лакхара тIегIа – пирамидин буьххье  кхаьчча, цхьаъ бен вуьсуш цахилар. Иза а дац цуьнга  хIета-вета яха еза бохург (ехна юьгуш санна). Нагахь кIантера я цуьнан гергарчаьргара цхьа оьзда  доцу, нахана  дош хеташ доцу  хIума далахь, йоIа  пхьоьханахь  кхайкхадойтуш хилла оцу я хIокху  бахьанина хьенехан-минехана делла долу дош ша юхаоьцу, олий.ccc

Нохчашна юкъахь даима а осала лерина  ду дегабаамаш бар, моханаш кхехьар, синкъерамехь-м муххале а. Цундела къаьсттина пайда боцчех а, дастаме а лоруш хилла  и саннарг йоIаца доьзна долчунна тIехь.

–Шахьарера шахьаре баларца кIез-мезиг хийцамаш юкъабагIахь а, вовшахтохаран а, дIакхехьаран а шен куц-кеп йолуш бу  синкъерам. Масала, мехкарийн меттиг баьрччехь ю, божарий  чуволучохь дIанисло. Мехкарийн а, божарийн а тхьамданаш ул-уллехь ган тарло тахана. Иза догIучех дац. Мехкаршкахь мелла а йисина йолу  охьахааран кеп  кегийчу нахера дIаяьлла  лара  мегар ду. Цундела цунах лаьцна  хир ду  вайн  къамел.

Жимачу  стагана, синкъерамехь-м муххале а, товш дац, куьйга  корта а лаьцна, букар вахар, я, уьссазза букъ бойна шайтIа  санна, аркъал сеттина  Iер. Ког-куьг дIасакхоьссина, ваьржина Iер а дац  товш. Лехча  санна, меженаш дIахецна, я, пхенаш озийча  санна, хебна  Iан  йиш яц оьздачу стеган.                 ЖIайн гIанта тIехь Iахь а я кхечу лекхачу меттехь дIанисвеллехь а, товхана бертиг санна, голаш гIаттийна хаар а ду оьзда доцчех лерина.

ХIинца-м башха тидаме  оьцуш дац, амма цхьана  хенахь, гола тIе  ког баккхар эхье лоруш хилла, эло шен лай  болчохь  бен шегара далийта  мегаш хIума ца хилла, шаьш муьлш ду царна диц ца  далийта  деш хилла  цо иза. Цу тIе, иза воцчо, цара массара а коьртара хIумнаш дIаяха езаш а хилла.

Со жима волуш, вай цIера даьхна дукха хан ялале хила там бу иза, цхьана суьртан тидам бар нисделира  сан. Цхьамма-м тилкхаза а ваьлла, гола  тIе ког  баьккхича, чохь мел волчо изза дира. «Дагахь хIума долуш дина хIума дацара шуна иза, сайна бехк  ца биллар доьху  ас», – аьлла, охьабаьккхира хьешо гола тIера  ког. Бухахь  болчех воккхачо: «И ледарло йолуш верг хьалха  вер вацара те  бохуш, сакIамделла Iаш дара  хьуна  тхо-тхаьш а баркалла хьуна некъ баккхарна» олуш, дерзийра.

Уггаре а мегар доцчех ду, цуьнца нийсса, ца товш, лайн амалех лерина а ду: баккхийнаш, ненахой, стунцахой болчохь гола тIе ког баккхар.

ХIора къоман шен-шен кхетамца  догIуш ду йоIан-кIентан юкъаметтиг дашца билгалъяккхар, масала, французийн – тIам  хьакхар, оьрсийн – бешара  йийна хIума я  бежана  кхиорца. Вайн  «тIехьийза» бохург а ду шен цхьа маьIна долуш.

Стаг – стигалан векал, зуда – лаьттан векал ларалуш ду вайн. Делахь-хIета, йоIана баланаш лакхара охьабуссуш хиларе терра, царна дуьхьал ваьлла, уьш цунна тIе ца кхочуьйтуш тIехула хьийзаш ву  кIант. Зударшца шен дахарехь  мел лелориг  къонахчо (вуьйцург вуьззина къонах хилар диц  ма де) цу тIера леладо.

Вовшийн лараман кепаш (Iуьйре-суьйре, де-буьйса, серло-бода боху  кхетамаш санна), цхьаъ ца хилча  важа доцуш, ша  даьккхича тIаьхье  йоцуш довш, хIума  дуй хууш хилла вайн дайшна. Цундела оьрсаша вайна юкъабалийна, баржийна эмансипаци (бакъонаш цхьатерра) боху кхетам. Дуьне мел ду  иза  нохчашца чекхдер долуш хIума  доцийла  хаа деза. ХIунда аьлча божаршна, зударшна оьшург, хьашт дерг тайп-тайпана хиларна. Оьрсашкахула вайна юккъехь даьржина эмансипаций, вайн цхьацца болчу «хьекъалчаша» зудчух яцон  бIарз ян еза бохурггий нохчийн оьздачу гIиллакхашца цхьаьна  догIуш дац.

Вайн дайша керла кхоллалур болу доьзал, муха, стенна тIера кхоллалуш бу бохучун мел пусар деш хилла гайтархьама, масална хилларг далор ду ас.

Вайна ма-хаъара, Шемала шен низам хIоттийна ма-хиллий: 15 шо кхаьчначу йоIа, нагахь  санна 3 дийнахь-бусий  ша яха  реза волчун цIе  ца  яккхахь, иза юха  тIедогIучу  3 дийнахь-буса  юьггучуьнга дIаялар тIе дожош. Цу хьолехь  синкъерам, хи  йистехь вовшахкхетар, чу  кхайкхар, тIехьийзар, кхидIа  дерш дихкина хилла цо. Амма Нохчмахкара цхьана юьртара кегий нах хи йистехь  вовшахкхеташ хилла куц  ду. Хьан низам талхош, тхан юьртара кегийрхой хи йисте сакъера хIуьттуш бу аьлла, вахана цхьаъ Шемална тIе арз эцна.

Цу юьртара лоруш вол-волу 12 стаг схьакхачаве  шена тIе аьлла, цо омра дича, уьш цунна тIе  бигна  хилла. Оцу шийттанна юкъа нисвелла хилла  ГIеза-Махьмица дуьйна тIеман юкъ йихкина лаьттина  волу, ша имам Шемала масийттаза кхелах хьалхаваьккхина волу, йовхачу аьхка салазана стерчий а доьжна, цу тIе виллина, вига  везаш волу, цхьа юьхк – когаш, куьйгаш цахиларна.

Шен низам талхош долчу шун кортош ца даьхча ца волу ша, аьлла  боху тIекхайкхинчаьрга имама.

–  Шемал, – аьлла, дуьхьал вистхилла салаз тIехь валийнарг, – тхан кортош-м дашон дацара, оха уьш оццул лардал, дилханах ду. Кху дезткъа шарахь, чета цунна (цу) межаргаш а тийсина, мича ницкъо тIом  бойту тхоьга кIайчу паччахьана дуьхьал хаьий хьуна? Тхайн кортош лардаран Iалашо хьалха а яьккхина, тхо лелахьара, кху тIеман хьал тхоьга хIоккхул лалур дара аьлла хетий хьуна? Тхо кхоьрург, хьо кхера везарг хIусамашкахь хуьлу тIом бу. Оха тхайн кегийрхой хийисте а бахийтина, синкъерам а хIоттийна, кхул тIаьхьа  иза дийр а ду, хIунда аьлча керла кхоллалуш болу кхерч, кегийрхой тIехIуьтту  сирла  шовданан хи санна, цIена а, дуьнен чохь мел долчу хIуманна иза эшар санна, уьйр-безамца чекхбала а лаьа  тхуна. Паччахьца беш болу тIом тхуна хIумма а доцу хIума хета, амма иза чу  берзахь, вай  эшна лара мегар ду хьуна хьалххе дуьйна дIа.

Лакхахь аьлла ма-хиллара, синкъерамехь хелхабовлар, тхьамданашна тIера дIа,  рогIехь  хуьлуш ду, ловзаргахь санна, юкъ-юкъара доцуш.

Бал бохучун маьIна гатдина, цхьана хелха бовларна тIедерзийна тахана. Бал бохучунна юкъа догIуш ду: 1/ хелхабовлар (бал цкъа дIаболийча  массо а цаваларх бехке  дац, юха дIадолош, сецначуьра дIадахьа мегаш гIуллакх хилча-м муххале а); 2/ хелхадовларан; го сецча, ладугIучу  эшарийн рагI  тIе  кхочу (чохь берш дуьненах, дахарх, гIиллакхех, дайх, дIадаханчух ойлане  бовлийта деш ду иза); 3/ йоIе  бистхила лууш болчу кегийчу нахана аьтто  боккху; 4/ илланча чохь велахь, цуьнан иллига  ладугIу я чувеанчу воккхачо кегийчарна ладоьгIча  пайдехь хир долу  къамел до.

И кеп кхоьллинарш баккхий Iилманчаш-м хаац суна – философаш, психологаш, психиатраш ца хилла ала хала ду. ХIунда аьлча, дика хууш хилла царна адаман сих, дагах, дегIах дерг. Кегий нах бистхуьлучу  хенахь дош галдалар бахьана долуш кхолладелла  вовшех цакхетар – илли аларо, хьекъалечу  дашо, дайшкахь хилла доьналла, сий хьахоро тIепаза бойуш хилла юкъаметтигаш хьогIе  ерзо кхоллабелла  зирх. Цул тIаьхьа хьенан ала йиш ю уьш кхетам лахара болуш хилла?!

Вистхила лаам гучубоккхуш, шен тхьамдера кIанта дош доьху, «хIара хьенех цу йоIе (йоьIан цIе а йоккхий) вистхила пурба лахьара ахь», – олий, мехкарийн тхьамдера пурба а доккху. Амма кIант вистхила воьлча, йоIа – «шена кху чохь бехкен стаг ву», – ала тарло. Чехкка хьала а иккхина, неIаре  цавадарх, жимма хан-зама а йолуьйтий, цхьа  бахьана а лохий, араволуш ду  йоIа  вуьйцуш волу бехкениг. КIант  вистхилла ваьлча, чувогIий, шен метте  дIатарло кIант.

Юкъа а иккхина, «хIорс-тоъ», – аьлла, «къап-къарс» оьккхуьйтуш, дIасаветтаваларх хелхар хуьлуш дац. Цуьнан а ю шен лар а, кеп а. Цунах лаьцна  вай  ловзар хьахийначохь  дуьйцур ду.

Синкъераман куц-кепах лаьцна дийца кхин а дуккха а ду, иза цхьана дийнан къамел хилла ца  Iа. Цкъа таханенна дерзош, билгалдаккха догIу  нохчийн синкъерам – иза къоман са, дог, букъсурт хилар. ХIунда аьлча, цигахула бен оьзда а, беркате а доьзал кхолла аьтто ца хилла вайн дайн, тахана а бац кхин некъ. Имам Шемал иза кагбан ваьлла, Советан Iедало – синкъераман са, дог, чарх ша-ша доккхуш, дIаса а даьккхина, сийначу цIергахь  дагийна, мохе чим  дIаса бахьийтина. Шен чулацамца, куц-кепаца  нохчийн синкъерам юхаденбар къам  шен оьздангаллин гурашкахь меттахIоттор ду.

 

С-М.ХАСИЕВ,

этнограф, историн Iилманийн кандидат

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: