Хьуьжарш – дешаран мехала кхерч

ТIеман зама маршонан хорша а йоьрзуш, дахаран хьелаш то а луш, керлачу тIегIана тIе  даьлла Нохчийчоьнан дахар. Цуьнца цхьаьна тIекхаьчна вайн дайша сатийсина паргIат бусалба дин лелон йиш йолу зама.Хьуьжар

   Тахана вайн махкахь бусалба дин Iамон бина берриге а аьттонаш бу: йина дуккха а хьуьжарш, маьждигаш, хьафизийн школаш… Иштта  болх беш ю Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламан университет. Тхуна довза  лиира  тахана хьуьжаршкахь долу хьал. Цунах лаьцна  къамел дира Нохчийн Республикин бусалбанийн  динан урхаллин куьйгалхочун дешаран декъехула волчу заместитела Садыков Iусмана.

– Iусман, де дика дойла хьан! Сан хьалхара хаттар: маса хьуьжар ю тахана вайн махкахь болх беш?

– Диканца вехийла! Уггаре а хьалха суна довзийта лаьа, вайн махкара хьуьжарш шина декъе екъна хилар. Царна массарна а Iуналла деш ерг муфтият  ю. Амма хьал муха ду?! Цхьана декъехь 16 хьуьжар ю – уьш кога а хIиттийна, тоххара дуьйна дин а хьоьхуш, шайн болх беш ю. ШолгIачу декъера хьуьжарийн барам мел бу  соьга алалур дац, амма цу юкъа йогIу когахIитта кечамаш беш йолу хьуьжарш а, дIакъовла герга йолу хьуьжарш а.

– ХIун бахьана ду цхьана махкара хьуьжарш шина декъе екъар?

– Хьалхарчу декъера 16 хьуьжарна оьшуш долу  дерриге а кехаташ  долуш, дешаран министерствос елла лицензи  йолуш, Россин юстицин министерствон вайн  республикехь  йолчу урхалло къобалйина а ю. Ткъа шолгIачу декъа юкъайогIуш йолу хьуьжарш хIинца кехаташ кечдеш а, дIакъовла герга ерш а, цхьа а кехаташ а доцуш, дIакъовла герга а йоцуш, бусалба дин довзийта лаар сов а даьлла, къахьоьгуш ерш а ю.

– Iусман, хьуьжаршна дешаран программа хьан кечъеш ю?

– Хьуьжаршна Iуналла деш ерг, ас лакхахь ма-аллара, муфтият ю.  Хьуьжаршна лицензи луш ерг республикин дешаран а, Iилманан а министерство хиларе терра, цо а дохку тхуна тIе цхьацца декхарш. Цундела хьуьжаршкахь дин а, Iаьрбийн мотт а Iамийна ца Iаш, оьрсийн мотт, литература, нохчийн мотт, литература, Нохчийчоьнан къаьмнийн истори, вайнехан гIиллакх-оьздангалла а ю хьоьхуш. Иза дика а ду, соьга хаьттича. Деккъа цхьа дин Iамийча ма ца волий Iеламстаг… Цунна шегара Iилма дIакховдо шен къоман мотт а, цу къоман Iер-дахар а довза деза.

– Дукха хьолахь муьлхачу маттахь ду хьуьжаршкахь Iилма Iамор?

– Оьрсийн мотт а, литература а дIаяьккхича, кхидIа мел йолу дисциплина хьехарехь Iаьрбийн а, нохчийн а маттах пайда оьцу. Нохчийн мотт, Iаьрбийн мотт санна хьал долуш бу, цундела бусалба динан а, Iаьрбийн меттан а ма-ярра кIоргалла а, хазалла а кхачам боллуш нохчийн маттаца бен дешархошна дIа ца кхачало.

– Цхьа а кехат лой хьуьжар чекхъяьккхинчу мутаIеламна?

– Дера ло… Вай лакхахь хьахийна йолу 16 хьуьжар кхачам боллуш дешаран учрежденеш ю. Цара, шайн мутаIеламашна, экзамен дIаеллачул тIаьхьа, диплом ло. Цу дипломца  Соьлжа-ГIаларчу Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин исламан университете деша хIотта йиш  ю.

– Iусман, ахь хьахийра-кх экзамен… Маца, мичахь, хьанна луш ю иза?

– Хьуьжаршкахь мутаIеламаша шарахь шозза луш ю экзаменаш. Амма дешна ваьллачул тIаьхьа,  кхин цкъа а яла еза уьш, нагахь санна шена диплом дезахь. Экзаменаш хьуьжарехь луш  ю. Делахь а, цуьнан Iилма толлучу хенахь, цигахь дакъалоцуш хуьлу муфтиятан векал.

И.ИСЛАМОВ

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: