Исмаилова Залина – Итон-Кхаьллан Культурин цIийнан директор ю. Атта а, сиха а ца кхаьчна оцу дарже йоI. Залинин бералла дIаяхна кхоллараллин доьзалехь. Иллеш, эшарш, мукъамаш, хелхарш даима а цунна уллора а, гергара а хилла.
1991-чу шарахь, Соьлжа-ГIалахь, дуьнен чу яьлла Залина. Цуьнан шо кхаьчна-кхачаза дара да Нажмудди кхелхича. Доьзалехь бара кхул баккхий вежарий. Цунна а, царна а цхьабосса дуьйхира дуьне. ТIехь да воцуш бисина доьзал кхиор тIедуьйжира нанна. Ткъа зама а ма хьаьвзира буьрсачу дарцах. Болабелира хьалхара тIом. Итон-Кхаьллан районерчу ЧIаьнтIахь бехачу шайн гергарчу нахаца луларчу Гуьржийчу дIакхелхира тIеман къаьхьаллех бевддарш. Шерашкахь Iен дийзира, «цакхетамаш дIабовллалц» аьлла, кхелхина баханарш. Амма жимма а тIом лахбелча, шайн махка цIабахка сатеснарш ца Iалора ломал дехьа Iуьллучу Даймахке сатуьйсуш. ЧIаьнта цIабирзира ИсмаиловгIар а. Хьалха санна дацахь а, дахар шен хорша дирзира. Юкъардешаран школа чекхъяьккхина Залина кхидIа деша яхара Вайзаманан гуманитарни академи. Кхушара кхиамца дешар чекхдаьккхина цо. – Говзаллина дешнехь а, корматаллица цхьаьна ца догIу сан дешар, – йоьлу Залина, – сан дешар санна, къовламе дац ас кхочушден гIуллакх. Суна даима а дукхадезна халкъан кхоллараллица догIург, цундела Итон-Кхаьллан Культурин цIийнехь методистан болх бан йолаелла со, музыкин школехь а болх бан кхиира, ткъа карарчу шарахь районан Культурин цIийнан директоран болх тешийна сох районан куьйгалло. Иза атта гIуллакх доцийла хаьа суна, амма сайн белхан накъостийн гIо-накъосталлица суо ларор ю аьлла хета. Ала деза, сан коллективехь алссам кегийрхой бу. Белхан зеделларг доккха дацахь а, вовшех дагадовлуш, Iедало а, куьйгалло а хьалха хIиттийна декхарш кхочушдарца ларош дохку тхо. Цул сов, со йоккхае, сайн районехь, сайн махкахь сан хааршна меттиг карорах. Тхан коллективехь шайн болх дика бевзаш а, культурин декъехь бечу белхан алссам зеделларг долуш а бу Мусаева Седа а, Абубакаров Адам а, Эльдерханов Ахьмад а, Термалаева Тамара а, Курсаева Разет а, иштта кхиберш а. Царна шайн болх даггара дукхабеза а, иза кIорггера хаа а хаьа. Залинин белхан накъосташа дийцарехь, иза чIогIа жоьпалле, шен болх бевзаш а, и бан карах долуш а куьйгалхо ю. Цхьа де вукхунах тера а доцуш, кхоллараллин лехамашкахь, керла иллеш, эшарш, хелхарш Iамош чекхдолу кхеран.
– Iуьйранна балха схьакхаьчча, цхьанхьа хезаш иллин мукъам, вукхузхьа даггара аз айдеш локху йиш, кхечанхьа забаре дийцарх я керлачу анекдотах буьйлучеран гIовгIа хеза, – дуьйцу Залинас, – иштта дIадоладелла де кхоллараллин тIегIанехь чекхдолу. Залинин кхоллараллин балхе безам хилар лаа доцийла хаа и евзачарна. Цуьнан да Нажмудди вара хаза аз долуш а, дечиг-пондарца гергарло долуш а, илли олуш а. Ткъа вежарий ИсмаиловгIар Шарпудди а, Ризавди а Нохчийн Республикин халкъан артисташ хилар массарна а хаьа.
Иллиалархочун говзаллица шен вежаршка ца кхачахь а, церан иллеш дукхадезаш а, сакъерадаларца цаьрга ладугIуш а, царах дозалла деш а хуьлу Залина. Иштта уьш дукхадезарца ладугIу кхуьнан кегийчу «мехкарша» а – Раянас, Мархас, Iайшата. Шен 24 шо бен дацахь а Залина ишттачу башхачу доьзалан къона нана ю.
Шайна деша аьтто хилийтарна а, кхоллараллин агIор гIо-накъосталла дарна а шайн нанна Кхокхина баркалла бохуш беха доьзал. 30 шо ду Кхокхас шен юьртарчу школехь берашна географи а, биологи а хьоьху. Цуьнан масалца доьзал кхио а, болх-некъ бан а хала дац Залинина. Шеко яц, къоначу куьйгалхочун Исмаилова Залинин Итон-Кхаьллан Культурин цIийнан болх лаккхарчу тIегIанехь дIахIоттон ницкъ кхочург хиларан.
Т.Алиева
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо