Дукха къаьмнаш ду тахана маьршачу Нохчийчохь дехаш. БIешерийн кIоргенера кху замане схьакхаьчна и вежараллин зIенаш, мел луьра бохамаш тIехIиттарх ца хедаш, ца юхуш, ца кеглуш. Вайн оьздачу дайша гергарлонаш лелийна Теркаца дехачу дерриге а къаьмнашца. Царех цхьаъ ду Нохчийчохь дехаш долу ногIийн халкъ а. Тахана вайца цхьабосса бакъонаш, декхарш долуш, вайн махкахь бехаш-Iаш бу ногIий. Iаламат тайна эшарш, иллеш, хелхарш ду, оьзда гIиллакхаш, шира ламасташ ду церан. Нохчийн Республикин Шелковски кIоштахь бехаш бу ногIий, хьаналчу къинхьегамца шайна напха лохуш. Къахьегар лаьттаца а, дохнаца а ду церан. Ткъа эшарш зевне а, хаза а ю. Дукха хьолахь Даймахке, нене, болчу безамах а, нуьцкъалчу доттагIаллех ду церан иллеш, дийцарш.
Дукха хан ю ногIий вайн Теркаца йолу шера аренаш дIалаьцна баха хевшина. Хетарехь, шуьйтталгIий-кхойтталгIий бIешерашкахь гучубевлла уьш Кавказехь. Иртыш тIера Дунай тIе кхаччалц олалла деш хиллачу «Золотая Ордан» бIонах йисина тIаьхьенаш ю вайн махкара ногIий. «Золотая Орда» йоьхна, яьржина дIаяьллачул тIаьхьа, ногIийн хилла цхьа пачхьалкхан тайпа, «Ногайская Орда» цIе йолуш. Коьрта шахьар Сарайчик хилла цу пачхьалкхан, хIинца Казахстанна чуйогIу Гурьев гIала йолчохь. Цу геналлера схьайогIуш ю ногIийн шатайпа культура, истори.
Дукхахьолахь дохнаца бохкуш хилла ногIий. Эмкалш, бежанаш, говраш, уьстагIий лелош хилла цара. Iар-дахар цхьана метта сацар долуш ца хилла ногIий хьалха заманахь. Шаьш лелочу дохнна алссам яа хIума йолччохь юрт юьллуш хилла, цигара дежийлаш лахделча, кхечанхьа дехьабовла бIо къажош ца хилла, арахь шеран муьлхха хан елахь а. Къаьсттина цу гIуллакхна, мел генара некъ ловр болуш, нуьцкъала говраш кхиош хилла цара. Туркойн мотт буьйцучу дерриге а къаьмнашна юкъахь санна, цIарна цIе яххана таллархой хилла ногIашна юкъахь.
Заманан йохалла дуьне ма-дду дIасабаьржина уьш. Ши миллион сов бу уьш Хонкарахь, Румынехь. КIезиг бац Россехь а. Цхьа миллион ах миллион сов бу уьш ерриге а Россехь. Коьртачу декъана Къилбаседа Кавказехь бехаш бу ногIий: Дагестанехь, Ставрополехь, Кхарачойн-Чергазийчохь, кхечанхьа. Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь вехаш кхо эзар ах эзар сов ногIи ву. Шайн къоман гIиллакхаш ца дицдинехь а, вайнехан дукха гIиллакхаш тIеэцна цара, цIенчу даггара уьш леладо.
Делан къинхетамца, бусалба бу ногIий. Дукха зама ю цара бусалба дин тIеэцна а, бIешерийн кIоргенера таханене схьакхоьхьу а. Зуламечу мехаша мел цIемза денош шайна тIехIиттадарх шайн духар а, къоман культура а, бусалба дин а, нохчашца долу гергарло а дIа ца тесна вайн махкахь бехачу ногIаша. ХХ–ХХI-чуй бIешерийн дозанехь Нохчийчохь тIеман цIе кхерсташ, ерриге а хало а, гIело а вайца цхьаьна лайра вайн бусалба вежарша. Маршоне а, паргIатоне а вайца цхьаьна сатуьйсуш, вайца цхьаьна доIанца Деле Нохчийчохь машар хилийтар доьхуш. Тахана машаран зIаьнарша хьоьстуш ю ногIийн аренаш. Ерриге а Нохчийчохь санна карладолуш ду кхузара дахар а. НогIий дика кхета шайна и машар беанарг Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хиларх (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Зевне ека ногIийн къомо Ахьмад-Хьаьжина а, цуьнан кIантана Рамзанна а яьхна эшарш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шайн йина терго, цхьана а Iедало а, я цхьана а куьйгалхочо а йина яц бохуш дуьйцу ногIаша шайн иллешкахь.
Вай декхарийлахь ду вайца цхьаьна дехачу къаьмнашца мерза юкъаметтиг латто. Вайн дайша бIешерашкахь латтийна цаьрца йолу гергалонийн зIенаш.
ГАЗИЕВА Аза
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо