Ткъе йолхалгIа весет
Уммуль-китаб (эльхьам) суратан доззалла
Абу СаIид РафиI ибн аль – МуIаллас (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
– Со вара маьждиг чохь ламаз деш, тIаккха со тIекхайкхира Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Цунна тIе ца вахара со; цул тIаьхьа тIаьхьо вахара со цунна тIе. Ас элира: «ХIай Делан Элча, ламаз деш вара со». ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Сийлахь-Везачу Дала аьлла дац: «Далла а, Элчанна а жоп ло, шайга кхайкхича»? Цул тIаьхьа цо элира: «Хьо маьждиг чуьра аравалале, хьуна Къуръан тIера уггар деза сурат Iамо воллу со». Тхо арадовла дохкучу хенахь, сан куьг дIалецира цо, тIаккха ас элира: «ХIай Делан Элча, ахь элир-кха, айхьа суна Къуръана тIера уггар деза сурат Iамор ду, аьлла». Элчано (Делара салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делира: «Iаламийн Да волчу Далла хастам бу боху сурат, аьлча а, «фатихьат» – шозза доьссина долу ворхI аят а ду, соьга доссийна Сийлахь долу Къуръан а ду».
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай «Уммуль-Китабан» (эльхьаман) хьокъехь долу хьадис.
Абу ХIурайрата (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
– Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хезира суна: «Сийлахь – Везачу Дала аьлла: «Ас ламаз Сайний, Сайн лайний юккъехь шина декъе декъна, Сан лайна ду – цо дехнарг». Кхечу хьадисехь ду: «Цуьнан цхьа ах Суна ю, цуьнан шолгIа ах – Сан лайна ю».
Лайно аьлча: «Iаламийн Да волчу Далла хастам бу» («аль-Хьамду лиллахIи раббиль – Iаламийна»), Дала олу: «Сан лайно Суна хастам би»; цо аьлча: «Къинхетамечу, Комаьршачу Далла» («ар – рохьманир – рохьийми»), Сийлахь-Везачу Дала олу: «Сан лайно Со хастий»; цо аьлча: «Хьуна бен Iибадат ца до оха, Хьоьга бен гIо а ца доьху оха» («Иййака наIбуду, ва иййака настаIийну»), Дала олу: «Иза Суна а, Сан лайна а юккъехь ду, Сан лайна ду – цо дехнарг»; цо аьлча: «Нийсачу новкъа дахахьа тхо, Ахь шайна дика диначеран новкъа, Хьан оьгIазло шайна хиллачеран (жуьгтийн) а, я тиллачеран (христианийн) а новкъа а ца дохуш. Тхуна жоп лохьа» («ИхIдинассиратIа-ль-мустIакъий ма, сиратIаллазийна анIамта IалайхIим гIойри-ль-магIдуби IалайхIим валаддоллийна. Амийн»), Дала олу: «Сан лайна ду – цо дехнарг».
(Абу-Дауд, Термизи).
Ткъе ворхIалгIа весет
Къуръан тIера цхьадолчу суратийн дозалла
Анас а(Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
– Делан Элчано (делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабех волчу цхьаьнга хаьттира: «Хьенех, ахь зуда ялийний?» Асхьаба элира: «ХIан-хIа, ВаллахI, хIай Делан Элча, я зуда яло хIума а ма дац соьгахь». Элчано ( Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хаьттира: «Хьуна «Къуль-хIуваллахIу ахьад» деша ца хаьа?» Цо элира: «Хаьа». Делан Элчано (Делера салам-марашалла, маршалла хуьлда цунна) элира: «Къуръанан кхоалгIа дакъа ду хьуна иза. Хьуна «Иза жаа насруллахIи вальфатхьу» ца хаьа?» Асхьаба жоп делира: «Хаьа». Элчано (Делера салам-маршалла, маршалла хуьлда цунна) тIаккха элира: «Къуръанан доьалгIа дакъа ду хьуна иза. Хьуна «Къуль я аййухIалкафируна» ца хаьа? Асхьаба: «Хаьа», – элира. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Къуръанан доьалгIа дакъа ду иза. Хьуна. «Иза зулзилатиларду» ца хаьа?» Асхьаба элира: «Хаьа». Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Къуръанан доьалгIа дакъа ду хьуна иза, хьайна зуда ялае, хьайна зуда ялае».
Кхоччуш пайда хилийтархьама, даладо вай КъулхIа а, Бакъарат а суратийн а, Айатуль-курсийн а дозаллийн хьокъехь деана долу хьадисаш.
МуIаз ибн Анас аль-ЖухIанис (Дела реза хуьлда цунна) дийцира:
– Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «КъулхIуваллахIу ахьад» уьттазза дешначунна, дала ялсамане чохь цIа дугIур ду», ТIаккха Iумар ибн аль — Хаттаба (Дела реза хуьлда цунна) элира: «ТIаккха мелла а алсам доьшур ду-кх оха иза, хIай Делан Элча». ТIаккха Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Дела кхин а алсам а, цIена а ву».
Iайшата (Дела реза хуьлда цунна) дийцира, Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цхьана тобанна тIехь куьйгалла дан а хIоттийна, цхьа стаг гIазоте хьажийнера, аьлла. Оцу стага, жамIатехь шаьш ламаз дечу хенахь, шен асхьабашна сураташ доьшуш хиллера, «КъулхIа» дешарца чекх а доккхуш. Шаьш юха даьхкича, Пайхамаре (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) иза дIадийцина хилла цара. ТIаккха Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Аш цуьнга хатта, цо иза стенна дора, алий». ТIаккха цара цуьнга иза хаьттира, оцу стага царна иштта жоп делла: «Иза Къинхетамечун сибат долу а дела, и дешар сайна чIогIа деза а дела». ТIаккха Пайхамар а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира: «Аш цуьнга дIаала, Далла иза дукхавеза, алий».
Абу Зарра (Дела реза хуьлда цунна) элира: «Баккъал а, Дала аль-Бакъарат сурат чекхдаьккхи, Шен Iаршан кIелахь йолчу хазнина тIера Ша суна делла долчу шина аятаца. Аш цьш шайна Iамаде, уьш шайн зударшна а Iамаде, баккъал а и шиъ (аят) ду ламаззий, Къуръанний, доIий».
Убайй ибн КаIба (Дела реза хуьлда цунна) дийцина:
– Сан дас суна дийцира, шена чохь даар дIадуьллуш йолу совчоь яра тхан, аьлла, шена чохь хурманаш а йолуш. Кест-кеста цуьнга бIаьрг тухуш хилла цо, амма тIера оьший карош хилла цунна и хурманаш. Цхьана буьйсанна уьш ларъян воьлла сан да, КаIб. Цу буса и тIенисвелла, пхийттара ваьллачу кIентан барамехь йолчу хIуманна. ТIаккха сан дас цуьнга салам делла, вукхо и салам схьаэцна. КаIба цуьнга хаьттина: «Хьо хIун ю? Жин ду хьо я адам ду?». Вукхо жоп делла: «Жин ду». Сан дас аьлла: «Хьайн куьг схьало соьга». Вукхо цуьнга дIакховдийна шен куьг, дIахьаьжча, цуьнан куьг – жIаьлин куьг хилла, цуьнан чоьш а – жIаьлин чоьш хилла. ТIаккха сан дас аьлла: ХIара жин ду-те? Жинашна хиъна-кх шайна юкъахь сол чIогIаверг вуйла. ХIун дохьуш деана хьо?». Жино жоп делла: «Тхуна хезнера, сагIадалар хьуна дукхадеза, бохуш, хьан яахIуманах кхета а лиъна, даьхкинера тхо-м». КаIбас хаьттина хилла: «Тхо шух Iалашдийриг хIун ду?» Жино жоп делла: «Аль-Бакъарат» сурат чохь долу хIара аят ду-кх: «АллахIу ла илахIа илла хIуваль-хьаййуль-къаййуму».
Суьйранна иза дешнарг, Iуьйренга валлалц тхох Iалашвийр ву; Iуьйранна иза дешнарг, суьйренга валлалц тхох Iалашвийр ву».
Iуьйре еача, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу а веана, цуьнга иза дийцина хилла КаIба. ТIаккха Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Бакълийна боьханиг» (жин).
(Бухари, Муслим, Касал).
Гулдинарг – Хьамзат Мухьаммад Солихь Іужаж.
Гочдинарг – Хатаев Руслан.