Шелковски районан Сары-Сурерчу юккъерчу школин 10-чу классехь доьшуш ю Аджимурзаева Айза. 1-чу классехь дуьйна тIехдика дешарца, эсалчу амалца, массо хIума довза лаарца къаьсташ яра иза. «ХIара яцахьара тхан йиш яцара. Школин дозалла а, юьртана юьхькIам а бу Айза», – олий юьйцу йоI хьехархоша. Жимчохь дуьйна шен дедеца а, дененаца а Сары-Сухь кхуьуш ю Айза, да-нана Сургутехь Iаш ду цуьнан. Школин дахарехь жигара дакъа а лоцу, тайп-тайпанчу конкурсашкахь кхиамаш а боху йоIа.
ДIадаханчу шарахь историн а, оьрсийн литературин а, юкъаралла йовзаран а предметашкахула Ерригроссин дешархойн олимпиадехь дакъалоцуш яра Айза. Районан муьрехь оцу кхаа предметехула хьалхара меттигаш ехира цо. Цул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьначу регионан муьрехь исторехула 2-гIа меттиг а, юкъаралла йовзарехула 3-гIа меттиг а яьккхира йоIа. Иштта, юьртарчу школехь франкойн маттехула дIахьочу олимпиадашкахь хьалхара меттигаш йоху цо гуттар а. ДIадаханчу шеран олимпиадин жамIашца берийн «Артек» туьше садаIа яхийтинера Аджимурзаева Айза.
2013-чу шарахь Россин Яздархойн союзо «Берашна – проза» литературин дуьненаюкъарчу конкурсехь толам баккхарна Сийлаллин грамотица совгIат дина, оццу шарахь «Горянка – 2013» районан конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхина цо. 2014-чу шарахь Шелковски районехь дIабаьхьначу куьйгаговзаллин гайтамехь «Каракхаьчначу гIирсех» аьллачу номинацехь 1-ра меттиг яьккхина цо. Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос Къоман культурин денош дIакхехьарехь жигара дакъалацарна дипломаца совгIат а дина цунна. Иштта дуккха а кхин бу Айзин дешарехь а, культурин а, куьйгаговзаллин декъехь а баьхна кхиамаш. Истори чIогIа дукхаеза Айзина, иза кхийолчу предметел къаьсттина дика а хаьа. Школа чекхяьккхинчул тIаьхьа, дукха а езахь а дена-нанна лаарна, лоьран говзалла караерзо дагахь ю иза. Муьлхха говзалла харжахь а, «йовр йоцуш» йоI ю Аджимурзаева Айза.
А.Мусаева
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо