Прокуратурера хаамаш

     Лаьттан тIалам  бан беза 6

Долаллин а, лаьттан а хьокъехь долу законодательство кхочушдарна тIехь таллам латторан ведомствошна юкъарчу белхан тобанан рогIера кхеташо дIаяьхьира регионан прокуратурехь. Цуьнан балхахь дакъалоцуш бара районийн прокурораш, Росреестран а, Росимуществон а Нохчийн Республикехь йолчу урхаллийн, долаллин а, лаьттаца йолчу юкъаметтигийн а, юьртан бахаман а министерствийн, Соьлжа-ГIалин мэрин, Нохчийн Республикин МВД-н векалш.

   Кхеташонан болх дIаболош къамел динчу регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима билгалдаьккхира, республикехь шайн юкъара майда ялх бIе гектарал сов долчу тайп-тайпанчу категорийн лаьттан дакъошна долаллин бакъо чIагIъеш долу кехаташ кечдина хилар. Билгалдаьхна яртийн дозанаш. Карарчу хенахь царах лаьцна хаамаш пачхьалкхан кадастрана юкъабохуьйтуш бу.

   Цуьнца цхьаьна тидам тIебохуьйтура хIусамаш ярна лерина меттигерчу шаьш урхалла даран органаша бакъо йоцуш лаьттан дакъош къастор сацош цахиларна. Цара хIинца а чекхдаккхаза ду пайдаоьцуш болчу бахамна йолчу бакъонна регистраци яр. ТIеэцаза ду лаьттаца йолу юкъаметтигаш нисъеш долу бакъонан нормативни акташ. Беш Iаткъам бац юьртабахаман Iалашонан латтанаш тIехь бакъо йоцуш лаьттан дакъош къастош йолчу бахамаллин субъекташна, жоьпалле ца озайо уьш. Цуьнца доьзна лаьтта тIехь пачхьалкхан таллам латтош йолчу органийн болх жигарабаккха безаш хилар  билгалдаьккхира белхан тобанан куьйгалхочо.2

   Дийцаре дан дехкинчу гIуллакхашца  йолу шайн юкъаметтиг билгалйоккхуш иштта къамелаш дира регионан долаллин а, лаьттан юкъаметтигийн а министран заместитела Мамакаев Салмана а, Росреестран Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочун заместитела Шаипов Абус а.

Белхан тобанан болх кхидIа а шарбеш-тобарна тIехьажийна цхьамогIа гIуллакхаш а  билгалдехира кхеташонехь

Буоберийн ахча дIалур ду

 

   Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан суьдехь къастийра буоберийн а, тIехь Iуналла доцуш дисинчу берийн а социальни гIолацаран хьокъехь долчу закон  талхора дIадаккхар лоьхуш прокурора елла иск.

   Билгалдаьлла ма-хиллара, кху шеран июнехь, июлехь, августехь Соьлжа-  ГIалин мэрин дешаран департаменто дIа ца деллера ден-ненан Iуналла доцуш висинчу 79 кхиазхочунна  хIоттийна  долу ахча. Цуьнан юкъара барам 3 миллион 337 эзар соьме кхочура.

Суд резахилира прокурора бинчу лехамна, бераш Iалашдарна лерина долу ахча дIадалар департаментана тIе а дожийра.

И гIуллакх республикин прокурора шен тергоне эцна.

 

Кхаъ эцарна кхиэл йина

 

   Пачхьалкхан бехкеваран векала Алханова Зайнапа дакъа а лоцуш, Гуьмсан гIалин суьдо къастийна Атаева Мархина дуьхьал долийна долу уголовни гIуллакх. Иза бехке лерина РФ-н УК-н 290-чу статьян 3-чу декъаца билгалдина зулам дарна (бакъо йоцуш гIуллакх дарна даржехь волчо кхаъ эцар).

   Суьдехь гучуделира Ойсхарарчу куьпан больницин лоьро-педиатра Атаевас, бере хьажа а ца хьожуш, хьокъала боллу талламаш а ца беш, и хаамаш тIехь болу медицинин карта кеч а дина, дIаделла хилар. Цхьа бIе туьма ахча схьаийцира цо и гIуллакх дарна.

   И зулам дарна Атаева бехке а лоруш, суьдо кхиэл йира, гIуда а тухуш, цхьана шарахь лоьран декхарш кхочушдар цунна доьхкуш.

 

Жоьпе озийна

 

   Курчалойн районан прокуратуро теллира коммунальни бахаман а, йовхонца кхачояран а организацешкахь тарифаш нисъяран хьокъехь долу закон муха кхочушдо. Терго латторан органан векалша гучудаьккхира Курчалойн муниципальни районан официальни сайта тIехь организацин финансово-бахамаллин белхан коьртачу гайтамех, инвестицийн программех, уьш кхочушъяран отчетех, йовхонца кхачояран системин технически таронех лаьцна хаамаш цахилар.

   И талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар районан прокуроран заместитела Ахматов Джабраила лехира предприятин куьйгалхочуьнгара. Цигара бинчу хаамаша гайтира гучудаьхна дерриге а кхачамбацарш дIадаьхна а, цунна бехке волу даржера белхахо административни жоьпе озийна а хиларан хьокъехь. Оццу хенахь предприятин куьйгалхочунна Сайдулаевна дуьхьал долийна административни гIуллакх Нохчийн Республикин  мехийн а, тарифийн а пачхьалкхан комитете дIадахьийтина хьокъала боллу сацам тIеэцийта.

 

Талхораш дIадахарна тIехьажийна…

 

   Банкротствон хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбо толлуш Шелковски районан прокуратурин векалшна гучуделира пачхьалкхан унитарни «Госхоз Каргалинский» предприятехь цхьамогIа талхораш хилийтина хилар. Иштта, кху шеран 16-чу сентябрана долчу хьолаца дIадалаза дара налогашна кхаа баттахь дала дезаш долу 600 эзар соьмал сов ахча. Цу тIе налогийн законодательствон нормашца догIуш долу дерриге а гIуллакхаш налогийн органо дина а хиллашехь. Цуьнца цхьаьна гучуделира Россин бюджетан системе дIадала тIехь долу такхарш дан предприятин таро цахилар.

   Делахь а, предприятин куьйгалхочо хьокъала доллу гIуллакхаш ца дира законан лехамаш кхочушбарна тIехьажийна: дIахьедар ца дира налогийн декхар такхатаро цахиларан хьокъехь, я хьокъала доллу заявлени ца делира Нохчийн Республикин Арбитражан суьде  .

   Иза хьесапе а эцна,  прокуратуро пачхьалкхан унитарна предприятин куьйгалхочунна Джебрагимов Iадланна дуьхьал алминистративни талхораш даран хьокъехь гIуллакх долийра, РФ-н КоАП-н I4.I3 статьян 5-чу декъаца нийса а догIуш. Цуьнца куьйгалхо декхарийлахь вина гучудаьхна талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадаха.

 

Цхьана шарахь мукъа Iийр ву

 

   2015-чу шеран февралехь пачхьалкхан унитарни «Госхоз Нива» предприятехь бинчу талламехь Невран районан прокуратурина гучуделира пхеа белхахочунна белхан алапа шен хеннахь дIаделла цахилар. И бахьана долуш районан прокурора Сербиев Iимрана бинчу сацамца РФ-н КоАП-н 5.27 статьян 1-чу декъаца догIуш долчу административни жоьпалле озийна предприятин директор Шундулаев Асламбек.

   ШолгIа таллам бича а карийра шен хеннахь белхан алапа дIадалаза меттигаш. Юха а доло дийзира административни талхораш даран хьокъехь долу гIуллакх. ТIаьххьарчу чоьтехь шен корматаллин  декхарш кхочушдойла хир яц бехкевеш волчун.

 

«Сутаралла» юхатоьхна

 

   Юридически адамашна а, предпринимательшна а пачхьалкхан талламан органаший, муниципальни органаший 2016-чу шарахь планаца богIуш болу талламаш дIабахьаран хIора шеран проекташ кечъяран  болх дIаболийна республикин прокуратурехь. Цуьнан коьрта Iалашо ю бакъо йоцуш талламаш ца байтар а, бизнесна беш болу административни Iаткъам лахбар а.

   План вовшахтохаран юьххьехь прокуратурехь хьаьжна Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствехь тIедогIучу шарахь дIадахьа билгалдинчу таллам баран гIуллакхашка.  Хьаьжначу 631 предложенех юкъара дIаяьккхина 249 предложени (ерригенах 39 процент). Оцу кеппара терго латторан органо ведомствехь талламаш барна тIера хиллачеран «сутаралла» дикка юхатоьхна.

 

Полицин белхахо вен гIортарна…

 

Кху шеран  26-чу мартехь ТIехьа-Мартанна чувулучохь Россин МВД-н Хьалха-Мартан районехула йолчу отделан уголовни розыскан белхахой тIехь болу «Лада-Приора» машен сацийра цхьана жимачу стага. Юьрта юккъе кхаччалц ша дIавига аьлла цо дина дехар полицин белхахоша кхочушдира . Новкъа дIабоьлхучу хенахь, шегара эккхаш долу герз гучудер дуйла а хиъна,  ша йина граната киснара схьа а яьккхина, машенна хьалха чукхоьссира Ахтаевс. Граната эккхар бахьанехь машенна хьалха Iаш хиллачу шина белхахочунна яккхий чевнаш йира.

Цуьнца доьзна РФ-н УК-н 317-чу статьяца а, 222.1 статьян 1-чу декъаца а, 167-чу статьян 2-чу декъаца а догIуш долу зуламаш дарна Ахтаев Iумар бехкевеш, лелийначу уголовни гIуллакхехула долу бехкеваран сацам чIагIбина регионан прокуратурехь. Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдехь къастадайта дIадахьийтина и уголовни гIуллакх.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: