(Талламан изоляторан а, набахтин а белхахойн денна лерина)
ХIоьттина яьллачу пачхьалкхехь чIагIло уголовни – таIзарийн система. 1869-гIа шо тIедаллалц Нохчийчохь лецна нах чубухкуш набахтеш хилла яц. Зуламхошна кхиэл яр тIемалойн Iедалан а, Кавказан сардалан а карахь дара. Кавказан сардалалла Николай хьалхарчу паччахьан омрица 1844-чу шеран 27-чу октябрехь кхоллаелла. Цул совнаха, йозуш йоцчу Кавказан корпусехь иза коьрта буьйранча а хилла. Министрийн йоллу бакъонаш хилла сардалийн а.
ХIинццалц министраша Кавказана беш хилла тIеIаткъам дIабаьллера. Финансийн министрах бен йозуш яцара иза. Кавказан хьокъехь йолу министрийн распоряженеш кхочушъеш сардалш бара.
Кавказехь урхалла хIоттош Россин паччахьо пайдаийцира нохчийн ширачу Iадатех. Цигарчу къаьмнийн гIиллакхашна тIе а тийжаш дан долийра цо урхаллин гIуллакхаш.
Доккха маьIна долуш яра нохчийн Урхалла кхолларан хьокъехь Николай I-чо чIагIйина Положени. Урхаллин юкъавогIуш вара нохчийн халкъан суьдан куьйгалхо (Мехкан –Кхиэл) Кхиэл ярехь дайн гIиллакхех а, Iадатех а пайдаоьцуш хилар гойтура цунна тиллинчу цIаро. Цул сов, урхаллин куьйгалхочуьнгахь суьдан председателан дарж а дара.
Тидам тIе боьдуш ю дуьххьара арадевллачу законашна юкъара статьяшна. Вер-ваккхаран, чевнаш яран хьокъехь йолчу статьяшкахь яздина хилла, нагахь санна чIирхо ша диначунна дохко а ваьлла, Iедална тIе веанехь, иза чIирах мукъа вуьтуш ву, аьлла. Iедалан законашца кхайкхош йолу кхиэл, Сибрех вахийта а тарлуш хилла. Нагахь чIирхо, ша вийначу стеган нахах уьдуш велахь, цунна тIера чIир дIайоккхуш ца хилла. Гергарчу нахера чIир эцар Iедало дихкина хилла. И закон талхийнарг, Iедало Сибрех хьажош хилла. Иштта дечу таIзарша, бехке воцу стаг чIирана юкъаозорах ларвеш хилла.
ТIеман-урхаллин система кхуллуш йозуш йоцу учреждени оьшура. 1856-чу шеран 1-чу апрелехь арахийцира Кавказан эскаран урхаллин хьокъехь йолу Положени. Коьртачу штабан юкъадалийра лаьмнийн халкъийн урхаллин шатайпа дакъа. ТIеман-халкъан урхаллин системин дуьххьара законодательни чIагIо хилла дIахIоьттина и документ. Амма, цу тIехь билгалдаьхна цхьа а къастораш ца хилла, урхаллин кеп юьйцуш. Цу тIехь яздина штатни даржаш хилла. Инарла-фельдмаршала Барятинский Александра, окружной хьаькамашна леринчу инструкцехь, билгалдаьхна хилла лаьмнийн хьаькамашна урхалла даран некъаш а, принципаш а. Иштта – хьаькамийн бакъонаш а, декхарш а.
Округан хьаькам эпсар, я инарла-майор хила везаш хилла. Масийтта декъе екъаелла хилла округаш, хIора декъехь: граждански, уголовни, полицейски гIуллакхашкахула йолу кхиэл йолуш. Цо кхочушдеш хилла округан урхаллица а, иза меттахьлатторца а доьзна гIуллакхаш. Уьш дийцаре деш гуламе кхойкхуш хилла лерамечу баккхийчу нахе. Шайна дахарехь зеделлачух пайда а оьцуш, уггаре а хала девнаш дерзош хилла. Дукха хьолахь, доьзал бохаран, хIума лачкъоран, хIусам екъаран, декхар юхадерзоран, наний-бер вовшахтохаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Округан дозанал араволучу стагана суьдо тоьшалла луш хилла. Стаг схьаваьлла бух буьйцуш, я иза хьалха лай хилла хилар чIагIдеш йолу справка а язъеш. ТIех даккхий зуламаш – Iедална дуьхьал валар, обаргаш тIелацар, талор дар, пачхьалкхан бахам лачкъор, халкъан кхиэлан талламера дIа а даьккхина, тIеман-уголовни законашца къастош хилла. Зуламхочунна кхиэл еш, Кавказан эскаран буьйранчин сацам оьшуш хилла. И ца хилча, нохчийн Iадаташца дов къастош а.
1860-чу шеран 3-чу майхь Барятинскийн омрица Кавказан эскарна юкъара «кавказски» олуш йолу лини дIаяьккхина. ХIинццалц «правое крыло» олучу агIонна Кубански область, аьрро агIонна Терски область, аьлла цIерш техкина. Кавказан коьртачу дукъана къилбаседехьа йолчу меттигах, шена юкъа Терски, Кубански областаш а, Ставропольски губернеш а лоцуш, Къилбаседа Кавказ аьлла. Аьтто агIор долчу эскарийн буьйранча хIинца Терски областан хьаькам вара.
Оцу шеран 19-чу ноябрехь Россин правительствос вовшахтоьхна Теркан гIалгIазкхийн эскар. «Положение о Терской области» аьлла долу документ окружной хьаькамашна хIоттийначу инструкцех терра хилла. КIеззиг башхаллаш хилла суьдан системин декъехь. Цуьнца окружной суьдхойн кара дIаделла талораш даран а, вер-ваккхаран а хьокъехь долу девнаш. ТIеман-уголовни талламехь дитина пачхьалкхан бахам лачкъорца а, Iедална дуьхьал валарца а доьзна девнаш. И санна долчу зуламашна деш долу таIзарш луьра хуьлуш хилла. Масала, 1863-чу шарахь Веданарчу наибе юьхьаза лерна, Элистанжарчу вахархочунна Умаханов Тиршина, Сибрех яккха 10 шо хан тоьхна хилла. Iедалан белхахочунна дуьхьал ваьлча хиндерг гойтуш, масал дара иза.
ХIХ-гIа бIешо юккъе доьдуш кхоллаелла махкахь ю таIзар кхочушдаран учрежденеш. 1879-чу шеран хьалхарчу январехь Терски областехь болх бан йолаелла граждански урхалла а, керла суьдан учрежденеш а. 1869-чу шеран 30-чу декабрехь Пачхьалкхан Кхеташоно чIагIдина церан кхоллаялар.
Лецна нах чубохку набахтеш чIогIа ледарчу хьелашкахь хилла. Хила безачул шозза-кхузза алсам хилла уьш камерш чохь. Оцу бахьаница, царна тIехь терго латталуш ца хилла. Цундела лецнарш набахти чуьра кест-кестта бовдуш меттигаш нислуш хилла. И дерриге тидаме а оьцуш, областан хьаькамо инарла-адъютанта Лорис-Меликовс 1873-чу шарахь, набахтешкара хьелаш тодар доьхуш, паччахье кехат яздина . Оццу шарахь областехь керла набахти яр доьхуш дехар дина цо Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве. Амма, и дехар кхочуш ца дина. Шайна чохь долчу ледарчу хьелашца набахтеш дуккха а лаьттина. 1880-гIа шераш юккъе даханчу хенахь Кавказехь каторжни набахти схьаелла сацам бина. 1885-чу шарахь Кавказе веана коьртачу набахтин урхаллин хьаькам Галкин-Врасков. Иза варан бахьана хилла Елизаветпольски губернехь (Ставрополан край) йолчу Ханч-Кендехь лаьцначу нахана лерина набахти схьаелла сацам бар. Амма, цунах гIуллакх ца хилла. Цул тIаьхьа мехкан куьйгаллин векалша сацам бина даккхий зуламаш дина нах Сахалине хьовсо. 1892-чу шарахь Терски областера хан тоьхна цига хьажийна 35 стаг, шайн юкъахь 17 нохчи а волуш.
Б.Дудаева
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо