Нохчийчоьнан Парламентан 10 шо кхачар даздарна кечам бар дIадолийна

Нохчийн Республикин Парламентехь хилира республикин лаккхарчу законодательни  органан  юбилей  язъяран вовшахтохараллин комитетан  хьалхара  кхеташо. Республикин Парламентан  Председатела  Даудов Мохьмада тIедилларца  иза  дIаяьхьира  вице-спикера  Юсупов СаIида.4

    Кхеташонехь  дакъалоцуш бара  республикин  Парламентан Председателан  заместительш  Насуханов Ваха, Абдуллаев Iела, Жамалдаев Шаид, Парламентан  комитетийн председательш, законодательни гуламан  Аппаратан куьйгалхо  Байханов  Ислам, кхиберш а.

Кхеташонехь дийцаре дина коьрта цхьа гIуллакх дара: Нохчийн  Республикин Парламентан 10 шо кхачарца доьзна долчу гIуллакхашна  кечам бар.

Республикин Парламентан Председателан заместитела С.Юсуповс  билгалдаьккхира нохчийн парламентаризм  вовшахтохар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна хилар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа  бахьана долуш республикехь  2003-чу шеран мартехь  референдум хилира.

Нохчийн Республикин Конституцица цхьаьна референдуман жамIашца тIеийцира «Нохчийн Республикин Президент  харжаран  хьокъехь» а, «Нохчийн Республикин  Парламент харжаран хьокъехь»  а долу  республикин  законаш.

С.Юсуповс билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин   хьалхарчу гуламан Парламенте харжамаш барехь дерриге а вовшахтохараллин  гIуллакхашна (цу  юкъахь  кхерамазаллин а) Кадыров Рамзана – Нохчийн Республикин хIинцалерчу Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо кхачойина хилар.

Вайн къоман тхьамдано Кадыров Рамзана хIинца а массо а агIор гIо  до лаккхарчу законодательни органна.

С.Юсуповс хаам бира юбилейн даздаршка Къилбаседа Кавказан Федеральни округан субъекташкара дуккха а хьеший кхайкхина  хиларх лаьцна. Цо билгалдаьккхира вовшахтохараллин комитетана  юкъабоьлхучу наха  шайна тIедехкина  декхарш лаккхарчу жоьпаллица кхочушдан дезаш хилар.

– Еххачу хенахь дагахь лаьттар долу дезде дина  дIахIотто деза  вай и де. Вай долчохь  гуллур  ду сий-лараме адамаш. Цундела вайн  декхар ду  даздарш лаккхарчу  тIегIанехь  вовшахтохар, – элира С.Юсуповс.

Иштта цо дийцира  республикин законодателийн дезачу дийнахь  законодательша  I0 шарахь  бинчу белхан  хьокъехь  йолу документальни фильм гайтар а,  культурин  йоккха программа  дIаяхьар а билгалдеш хиларх лаьцна.

Нохчийн Республикин Парламентан 10 шо кхачарца йоьзна йолу даздаран кхеташо кху шеран 26-чу ноябрехь дIаяхьа билгалдеш ду.

М.САЛАУДИНОВ

 

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: