Д.Умаров – къаьмнийн культурийн ХХ-чу фестивалехь

Нохчийн Республикин Куьйгалхойчун Кадыров Рамзанан тIедилларца Иваново гIалахь дIаяьхьначу къаьмнийн культурийн ХХ-чу фестивалехь дакъалецира Нохчийчоьнан  къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра  Умаров Джамбулата. Фестиваль  дIахьочу хенахь нохч-гIалгIайн культурин суьйре  хилира. Цигахь дакъа а лецира, чулацаме къамел а дира Д.Умаровс.

Цо аьлла  ма-хиллара, муьлххачу а къоман  культура  шен башхалла, исбаьхьалла йолуш ю.  Шен къоман гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ довза деза хIора стагана. Иштта  хIора  стаг а  ша  мичара  схьаваьлла, шен бух мичахь бу  хууш хила  веза.

Министрана хетарехь, къаьмнийн  культураш кхерамехь ю. Уггаре а  хьалха иза хьаштхойн  юкъараллин  амалтхо хиларна  кхерам  болуш ю. Хьал-бахамна  тIаьхьа ваьллачунна  культурин мехаллин хьакъ боллу  мах бевзар  бац.

– Вай юкъаралла  кхето еза культура ца хилча, иза дIаяьлча  вайн кхетам галбериг  хиларх, вайгахь хьаштхочун кхетам  кхоллалург хиларх. Ларамаза  ма дац  «Россин Федерацин  2020-гIа  шо кхаччалц  йолчу  къоман  кхерамазаллин стратегехь»  культурина  болчу уггаре а коьртачу кхерамна юкъахь цIе  яьккхинарг «кхетам  боцчу  чкъурана синхьашташ  кхочушдарна лерина  культурин шуьйра продукци юкъаяржор» лоруш хилар, – билгалдаьккхира  министра.

Д.Умаровс чIагIдеш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен лерринчу тергонехь латтош ду  дуккха а къаьмнех  лаьтташ  йолчу Нохчийчоьнан  юкъаралла  ийманехь  кхетош-кхиоран гIуллакхаш. Цо Iедалан органашкара, дешначу нахера лоьху  адамийн  синош, ойланаш  цIанъярна тIехьажийна болх бар. Цаьргахь адамалла, собар  кхиор. Иза ларамаза а дац.

Дуьненахь а, махкахь а хуьлуш болчу а, хиллачу а политикин а,  экономикин а хиламаша боккха  Iаткъам бина  адамийн кхетамашна, ойланашна,  хьежамашна, Сепаратизм а, терроризм а, экстремизм а кхоллаелла. Оцу  дерригенца а  цхьаьна  къийсам дIабахьа  беза  массара а. «Вай  дерриге а цхьана бакъдолчух кхета деза: халкъийн  цхьаалла, уьш вовшех кхеташ хилар, уьш вовшийн  лоруш хилар  Iаламат боккха ницкъ бу. Вайн барт бу. Вай  цхьаъ ду. Вай  цхьаьна ду. Цундела вай  тахана ницкъ  болуш а ду, цхьаьнгга а  эшалур долуш а дац», – бохура Умаров Джамбулата.

И бакъдерг адамашка  дIакхачор, Россин пачхьалкхан цхьаалла чIагIъяр, Iалашъяр шен дахаран коьрта  къилба лору  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

С.ХАМЗАТОВ

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: