ОвгIанехь а, Пакистанехь а чIогIа мохкбегийна. Оцу бохамехь 300 сов стаг кхелхина, лазийнарш ши эзар сов бу. Дохийна бIеннаш цIенош.
***
Хонкаран масех гIалахь полицин белхахоша 70 гергга стаг схьалаьцна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъахь хилла хиларан шеконца.
***
Герггарчу деношкахь ООН-н Генеральни Ассамблейхь дийцаре дан лерина Кубина йина экономикин блокада дIаяккхаран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Мехкадаьттан мах дуьненахь охьабаларца доьзна Кувейт пачхьалкхана тIебогIу пайданаш хIокху шарахь 60 процентана лахбелла.
***
Россин кеманаша Шемарчу маьршачу нахана а, объекташна а бомбанаш а, ракеташ а етта бохуш харц хаамаш баржош чураевлла хьийза Малхбузера а, Европера а цхьамогIа пачхьалкхаш.
***
Шемин Iедалан эскарша Хомс, Алеппо, Хама, кхечу шахьаршкара лохкуш ю «Исламан пачхьалкхан» гIеранаш. Царна х1аваэра гIо деш ю Россин авиаци.
***
Ливехь доьхна, стиглара чудеана вертолет. Цу тIехь хилла берриге а нах – 25 стаг – кхелхина. Вертолет дохаран бахьана хууш дац.
***
ОвгIанерчу талибаша 14 стаг лачкъийна. Царна юкъахь бераш а, зударий а бу. Лачкъийначу нахах хилларг хууш дац. Талибаша Iедале церан хьокъехь цхьана а тайпа лехамаш ца бина.
***
США шен стратегически тIаьхьалонна дIаIалашдинчу мехкадаьттанах 58 миллион баррель дохка дагахь ю.
***
Мигранташа Евросоюзера хьал карзахдаккха тарлуш хиларан хьокъехь хаамаш бо Европерчу пачхьалкхийн цхьамогIа эксперташа.
***
Туркменин халкъо билгалдаьккхира пачхьалкх йозуш цахиларан де. Оцу денца доьзна Iедало, амнисти а кхайкхийна, набахташкара араваьккхина цхьа эзар сов стаг.
***
Украинин «Нафтогазо» шена тIехь долчу кхо миллиард долларх «Газпромана» кху деношкахь дIаделла 400 миллион доллар.
***
Россин Президента В.Путина кхеташо дIаяьхьира мехкан правительствон декъашхошца. Цара цигахь дийцаре дира энергетикин хьокъехь долу гIуллакхаш.
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо